bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 8
Zechariah 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 9 →
1
Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
2
«Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Боккхачу безамах вуьзна ву Со Цийоне. Цу гӀалин мостагӀашка йолчу чӀогӀачу оьгӀазаллех вуьзна ву Со“.
3
Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тӀе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гӀала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах — беза лам эр ду“.
4
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Баккхий нах а, баккхий зударий а юха а Ярушалайман урамашкахь хевшина Ӏийр бу, шаьш баккхий хиларна Ӏасанаш кара а лаьцна.
5
Цу гӀалин урамаш ловзучу кӀентех а, йоӀарех а дузур ду“.
6
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бӀаьргашна а тамашийна хилча, Сан бӀаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
7
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кӀелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара.
8
Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.
9
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан бух буттучу хенахь, пайхамарша аьлла долу хӀара дешнаш хӀинца дӀахезаш долчу аша шайн куьйгаш чӀагӀделаш, Делан цӀа юхаметтахӀотторхьама.
10
И денош тӀекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагӀчуьнгара синтем бацара. Ас хӀора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.
11
Ткъа хӀинца хӀокху халкъах бисинчарна Со хӀетахьлера санна вац, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
12
Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хӀокху дисинчу халкъана дӀалур ду.
13
Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неӀалт а кхайкхош, ЯхӀудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хӀинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чӀагӀлойла шун куьйгаш!“
14
ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгӀазвахийтинчу хенахь, Ас шу таӀзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дӀа ца яккхаре терра, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, —
15
Ас юха а билгалдаьккхина хӀокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхӀудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
16
Аша дан дезарш хӀара гӀуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гӀуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама.
17
Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хӀунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», — боху Везачу Эло.
18
Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
19
«Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгӀачу а, пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а, уьтталгӀачу а беттан марханаш ЯхӀудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дӀахӀуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“.
20
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТӀейогӀучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гӀаланийн бахархой а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур бу.
21
Цхьана гӀалин бахархоша, вукху гӀалин бахархошна тӀе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гӀо вай. Со а воьду цига’, — аьлла.
22
Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“.
23
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхӀудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дӀагӀур ду, хӀунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14