bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 13
Zechariah 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 14 →
1
«Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цӀанбалийта Даудан цӀенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дӀаделлалур ду.
2
И де тӀекхаьчча, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду.
3
Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.
4
И де тӀекхаьчча, шена сурт хӀоттийна хӀорра а харцпайхамар Делан цӀарах хаам бан хӀуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тӀедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.
5
ХӀораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тӀехь болх беш ву “.
6
Ткъа цуьнга эр ду: „Хьан некха тӀехь моьнаш хӀунда ду?“ Цо жоп лур ду: „Со везаш болчеран цӀа чохь суна йиттина дела“, — аьлла».
7
«ХӀай, тур! Айалохьа Сан жаӀуьнна тӀе, Суна уллора волчу стагана тӀе, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Нагахь санна жаӀуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагӀий дӀасадовдур ду. Ас Сайн куьг кӀезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.
8
Берриге а махкахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — ши дакъа хӀаллакдина а хир ду, лийр а ду, ткъа кхоалгӀа дакъа дийна дуьсур ду.
9
И кхоалгӀа дакъа Ас цӀерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цӀандеш ма-хиллара, цӀан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла — тхан Дела ву!“»
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14