bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 3
Zechariah 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 4 →
1
Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаӀ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агӀор лаьтташ долу шайтӀа а схьагайтира.
2
Везачу Эло элира шайтӀане: «Ва шайтӀа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гӀала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦӀерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?»
3
Ткъа ЮшаӀ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха.
4
Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДӀаяха цунна тӀера боьха бедарш». Ткъа ЮшаӀе иштта элира: «Хьажал, хьуна тӀера къа дӀа а даьккхина, ас хьуна тӀе хаза духарш духур ду».
5
Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тилла». Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тиллира, дегӀа тӀе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара.
6
Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаӀе иштта дӀа а элира:
7
«Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цӀенна тӀехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тӀехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара.
8
ЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ — ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг.
9
Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа.
10
Оцу дийнахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — шух хӀораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кӀелахь Ӏа шайн уллораниг хьошалгӀа кхойкхур ву“».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14