bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 11
Zechariah 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 12 →
1
Ливанун-мохк, дӀаделла хьайн кевнаш, цӀере хьан баганан-дитташ дӀакхаллийтархьама!
2
Делха, зоьзан-дитт, баганан-дитташ охьаэгна дела, и даккхий дитташ хӀаллакдина дела. Делхийша, Башанан нежнаш, луьста хьаннаш дӀахедийна дела.
3
ЛадогӀа Ӏуйн белхарийн аьзнашка — церан сийлахь дежийлаш дӀа ма евлла! ЛадогӀа къоначу лоьмийн гӀигӀ даре — Йордан-хин боьлак хӀаллак ма йина!
4
Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагӀий.
5
УьстагӀий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Ӏушна а царах къа ца хета.
6
ХӀокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, — боху Везачу Эло. — Царах хӀорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дӀалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хӀаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш».
7
Иштта совдегаршна урс хьакха кечдина уьстагӀий дажийра ас. Сайн кара ши коьжалг а эцна, цхьанна «Дикалла», вукхунна «Цхьаьнатохар» аьлла, цӀераш а техкина, уьстагӀий дажош Ӏийра со.
8
ЖаӀуйх кхаанга болх сацабайтира ас цхьана баттахь. Совдегарш кӀордийра суна, ткъа уьш сох ца бешара.
9
ТӀаккха ас элира: «Шун дуьхьа кхин Ас уьстагӀий дажор дац. Леш берш лойла, хӀаллакьхуьлуш берш хӀаллакьхуьлийла, ткъа бисинчара вовшийн декъий доийла».
10
Айса «дикалла» аьлла коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, Исраилан массо а тайпанашца айса бина барт бохош.
11
Оццу дийнахь и барт бохийра. ТӀаккха сан терго еш болу совдегарш кхийтира, иза Везачу Элан дош дуйла.
12
Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь — ма ло». ТӀаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна.
13
Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дӀало — иза Сох хӀоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цӀийнан пхьерана дӀаделира.
14
«Цхьаьнатохар» аьлла йолу сайн важа коьжалг, схьа а эцна, йохийра ас, ЯхӀудана а, Исраилна а юкъахь долу вежаралла а дохош.
15
Везачу Эло соьга элира: «Юха а телхинчу жаӀуйн гӀирс хьайца схьаэца.
16
ХӀунда аьлча хӀокху махка тӀехь Ӏу дӀахӀотто воллу Со, леш долчу шен уьстагӀийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг.
17
Декъаза ву Сан телхина Ӏу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бӀаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьӀап хуьлда, аьтту бӀаьрг а кхоччуш бӀаьрса доцуш буьсийла».
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14