bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Zechariah 10
Zechariah 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 11 →
1
Везачу Эле догӀа даийтар дехалаш бӀаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догӀа лург а. Иза ву хӀоранна а аренгахь ялта лург а.
2
ЦӀуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гӀенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагӀий санна, тилабелла лела. Царна гӀело а йо, царна тӀехь Ӏу воцу дела.
3
Везачу Эло боху: «Сан оьгӀазло Ӏушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таӀзар дийр ду. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхӀудан халкъ долчу Сайн жена тӀехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тӀеман дин бийр бу.
4
ЯхӀудан халкъах массо а тайпана урхалчаш схьабевр бу. Уьш хир бу, са болу тӀулг санна, къиза а, четаран хьостам санна, онда а, тӀеман Ӏад санна, нуьцкъала а.
5
ЯхӀудан халкъ майра тӀемалой санна хир ду, тӀамехь, урамашкара хатт санна, мостагӀий хьоьшуш долу. ТӀом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагӀийн дошлой эшор бу, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош.
6
Ас ЯхӀудан цӀа чӀагӀдийр ду, Юсупан цӀа кӀелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дӀа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.
7
Эпраймхой, майра тӀемалой санна, хир бу. Церан дегнаш самукъане хир ду, чагӀаро бахийча санна. Церан бераш, иза а гина, баккхийбеш хир бу. Везачу Эло диначух уьш даггара самукъадаьлла хир бу.
8
Ӏуьно шок тохарца санна хаам а бина, Ас уьш схьагулбийр бу. Мах а белла, Ас паргӀатбохур бу уьш. Хьалха санна, шортта хир бу уьш.
9
Ас шаьш, ахархочо хӀу санна, кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, генарчу мехкашкахь Со дагаоьхуш Ӏийр бу уьш. Цара шайн бераш а кхиор ду, и бераш Исраил-махка юхадоьрзур а ду.
10
Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалӀаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.
11
Баланийн хӀордахула чекхбевр бу уьш, цара хӀордан тулгӀенаш йохор ю, ткъа Нил-хин кӀоргенаш якъалур ю. Ашур-мехкан куралла лахйийр ю, Мисар-мехкан ницкъ дӀабер бу.
12
Веза Эла волчу Ас Сайн халкъ чӀагӀдийр ду. Сан цӀарах уьш лелар бу», — боху Везачу Эло.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14