bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 1
Hosea 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 2 →
1
ЯхӀуд-мехкан паччахьаша Ӏузи-ЯхӀус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхӀус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кӀант волчу ЯрбаӀама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кӀанте ХӀушаӀе Везачу Элера хаам хилла.
2
Везачу Эло, ХӀушаӀехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хӀунда аьлча хӀара халкъ чӀогӀа зуламе даьлла, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀоьттина, Везачу Элах дӀадирзина иза».
3
Вахана, ХӀушаӀа шена Диблайман йоӀ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХӀушаӀана кӀант вина.
4
Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «КӀантана, ИзраӀал алий, цӀе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраӀалан тогӀи чохь цӀий Ӏанор Аса дӀадоькхур ду ЯхӀу-паччахьан цӀенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса.
5
Цу дийнахь ИзраӀалан тогӀи чохь исраилхойн тӀеман ницкъ бохор бу Аса».
6
Гомара, юха а берах а хилла, йоӀ йина. Везачу Эло ХӀушаӀе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац.
7
Делахь а Аса ЯхӀудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаӀодаца а, туьраца а, тӀамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кӀелхьарбохур бу».
8
Ло-Рухьама екхачуьра дӀаяьлча, Гомара, юха а берах а хилла, кхин а цхьа кӀант вина.
9
Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Ӏами) алий, цӀе тилла, хӀунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац.
10
Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хӀордан гӀум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ — баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, — бохур ду цаьрга.
11
ТӀаккха яхӀудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дӀа а хӀоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хӀунда аьлча ИзраӀалан де сийлахь хир ду!»
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14