bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 10
Hosea 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 11 →
1
Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогӀ-рогӀехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цӀушна сагӀа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хӀиттийна тӀулгаш а алссам хаздора цо.
2
Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггӀург хӀинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагӀа доккху меттигаш а хӀаллакйийр ю, церан цӀушна дӀахӀиттийна тӀулгаш а дохор ду.
3
Баккъалла а, кестта оцу халкъо эр ду: «Вайн паччахь вац, Везачу Элах вай ца кхийрина дела. Паччахьо а хӀун дийр дара вайна?»
4
Вайн паччахьаша даьсса къамелаш до, харц а луьйш, чӀагӀонаш а йо, пайда боцуш болу барташ а бо. Нийса йоцу нийсо а хьалакхиайо, аренан хершнаш тӀе йолу дӀаьвше буц санна.
5
Шамран-гӀалин бахархой Ӏадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цӀу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дӀаер йолу дела.
6
Цул сов, и эса-цӀу Ашур-махка дӀахьур ву сийлахьчу паччахьна совгӀатна. Эпрайман халкъ а юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир ду. Исраилан халкъана шена, дечиган цӀу бахьана долуш, эхь хетар ду.
7
Шамран-гӀалара паччахь вовр ву, хина тӀехула хӀутту маргӀал санна.
8
ХӀаллакйина хир ю Авайнан сагӀа доккху лакхенаш — Исраилан халкъан къинош. СагӀа доккхучу церан меттигаш тӀе кӀохцалш а, яраш а евр ю. ТӀаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДӀахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТӀеэгийша тхуна!» — бохуш.
9
Везачу Эло боху: «ГебаӀ-гӀалахь леточу хенахь дуьйна ахь къинош летадо, ва Исраилан халкъ. Къинош леточуьра ца севци уьш, ГебаӀ-гӀалахь тӀом тӀекхочур бу царна сийсазаллех буьзначу оцу нахана дуьхьал.
10
Аса сацам бира царна таӀзар дан. Къаьмнаш царна дуьхьал а девр ду, цара исраилхой боьхкур а бу, цара дина шалха зуламаш бахьана долуш».
11
«Эпрайман халкъ караӀамийна дуьхьарг санна дара, ялта арарх доккхадеш долу. Цуьнан хаза ворта Аса кхоайина. Амма Аса Эпрайман халкъана дукъ тӀедуьллур ду, ЯхӀудан халкъо охана дан деза, Исраилан халкъо мекха баккха беза.
12
Шайн дегнаш чу нийсонан хӀу таса, тӀаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дӀааха, хӀунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тӀееана. Ша веанчу дийнахь шуна тӀе нийсо, догӀа санна, Цо тӀеӀанор ю.
13
Аша харцдолчун хӀу а тосура, зуламан ялта а хьокхура, мекарлонан стом а боура. Шаьш дӀакхоьхьучу некъах шу тешарна а, шайн шортта болчу тӀемалойх шу тешарна а,
14
тӀеман гӀовгӀа ер ю хьан халкъана дуьхьал, хьан массо а чӀагӀонаш йохийна хир ю, тӀеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гӀала йохийча санна, шайн берашца наной хьаьшначу хенахь.
15
Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой, барам боцуш аша летийначу къиношна.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14