bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 4
Hosea 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 5 →
1
Ва исраилхой, ладогӀал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тӀерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тӀехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац.
2
Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хӀаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тӀехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цӀий Ӏенор а дац хедаш.
3
И хӀума бахьана долуш хӀара латта тийжар ду. Лаьтта тӀехь бехачу массеран а гӀора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хӀордан чӀерий а хӀаллакьхир ду.
4
Амма цхьа а стаг къийса ма ло, цхьаммо а важа Ӏора ма ваккха, хӀунда аьлча хьан халкъ динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду.
5
Дийнахь галвер ву хьо, динан да, ткъа хьоьца цхьаьна буьйсанна пайхамарш а галбевр бу. Иштта хьан нана а дӀасацор ю Аса.
6
Сан халкъ дӀасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дӀатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гӀуллакх дар Аса а дӀатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш».
7
«Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса.
8
Сан халкъо даьхна къинан сагӀанаш а дууш, церан синош халкъо лелийначу харцонашна тӀегӀерта.
9
Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а. Цара дӀакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таӀзар. Церан гӀуллакхашка хьаьжжина, Аса дӀадоькхур ду царна.
10
Юур ю цара, амма бузур бац. Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац, хӀунда аьлча Веза Эла волчу Сох дӀабирзина уьш,
11
Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагӀаро а — иза шира я керла даьккхина делахь а — сан халкъан кхетам дӀа ма оьцу!»
12
«Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цӀунах, ткъа гӀожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, Делах дӀабирзина уьш.
13
Лаьмнийн баххьашкахь сагӀанаш доху цара, баьрзнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кӀел, оцу диттийн хаза ӀиндагӀ хуьлу дела. И бахьана долуш шун йоӀарша а кхахьпалла леладо, ткъа шун несарий а нахаца лела.
14
Аса шун йоӀаршна таӀзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таӀзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХӀунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дӀа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагӀанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“»
15
«Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхӀудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гӀала а ма гӀо, Байт-Аван-гӀала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас!“
16
ХӀунда аьлча Исраилан халкъ, аьрха эса санна, къар ца ло. Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хӀинца шуьйрачу дежийлахь, уьстагӀий санна?
17
Эпрайман халкъ цӀуйх дӀаийна даьлла: бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь!
18
ЧагӀар мелла бевлча, нахаца леларна тӀе боьрзу уьш. Шайн элаша лело сийсазалла царна чӀогӀа ма деза.
19
Шен тӀемаш тӀехь мохо дӀахьур бу уьш, юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу уьш, шаьш цӀушна Ӏибадат дина дела».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14