bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 14
Hosea 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
1
Шамран-гӀалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу».
2
Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тӀе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.
3
Шайца хӀара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.
4
Ашур-махке тхо кӀелхьардахалур дац. ТӀеман динна тӀе тхо кхин ховшур дац. Тхан куьйгаша йинчу хӀуманех оха кхин эр дац „тхан деланаш“, хӀунда аьлча байлахь болчаьрга къинхетам Хьоьгахь бен бац».
5
Везачу Эло иштта боху: «Сайх дӀаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгӀазалла царна тӀера дӀаяьлла дела.
6
Исраилан халкъана тхи хилла дӀахӀуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петӀамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо.
7
Цуьнан зӀийдагаш дӀасаяьржар ю. Зайт-диттан санна, хир ю цуьнан хазалла. Ливанунан баганан диттах йогӀург санна, хаза хьожа йогӀур ю цунах.
8
Юха а бирзина, цуьнан ӀиндагӀехь Ӏийр бу уьш. КӀа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагӀаран санна, церан хьожа хир ю.
9
Ва Эпрайман халкъ, цӀушца Сан хӀун бала бу? Хьан доӀанаш хезаш верг Со ма ву, Хьо Ӏалашдийриг а Со ма ву, сийна зоьзан-дитт санна ма ву Со, Сох бен стоьмаш хир бац хьуна».
10
Мила ву хьекъале кху дерригенах кхета? Мила ву кхетам болуш хӀара дерриг а хаа? Везачу Элан некъаш нийса ду. Делаца берш оцу некъашца лела, ткъа аьрха нах царна тӀе оьгур бу.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14