bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 7
Hosea 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 8 →
1
Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гӀалин зуламаш а гучудовлу. ХӀунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гӀалин урамашкахь талораш деш.
2
Царна дага а ца догӀу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хӀинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду.
3
Цара шайн зуламечу гӀуллакхашца паччахьан самукъадоккху, ткъа шайн мекарлонашца паччахьан гонах болчарна там бо.
4
Уьш массо а ямартлонех буьзна а, тешаме боцуш а бу. Церан дералла, цӀиййинчу пешан цӀе санна, дуккха а ханна юьсу, хьакхийна бод севсачу хенахь бепиг доттучо пеш йогучуьра сацаяхь а.
5
Вайн паччахьан дезачу дийнахь чагӀар а муьйлий, элий бехий дӀахӀуьтту, ткъа паччахьо Дела емалвечу нахе куьйгаш дӀакхийдадо.
6
Питанаш а деш, цунна тӀекхочу уьш. Церан дегнаш пеш санна догу, церан дералла сахиллалц сийсаш йогу, ткъа Ӏуьйранна иза цӀеяьлла алу санна хуьлу.
7
Уьш массо а оьгӀазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дӀакхоллу. Церан массо а паччахьаш тӀекӀел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гӀо доьхуш ца кхойкху».
8
«Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дӀаэделла. Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду.
9
Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дӀаоьцу, ткъа цунна иза ца хаало. Къежделла Эпрайман халкъ, амма иза ца кхета.
10
Массо а и бохамаш адамашна тӀебаьхкина, хӀетте а шайн Везачу Далла тӀе ца доьрзу уьш, адамаша Цуьнга гӀо а ца доьху. Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.
11
Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гӀо доьху, Ашур-махка гӀо деха а доьду иза.
12
Уьш тӀехбоьлхучу новкъахь Аса царна тӀе Сайн бой тосур ю. Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу. Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса».
13
«Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кӀелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура.
14
Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догӀмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кӀа а, чагӀар а далар. Ткъа и дарца Сох дӀабирзина уьш.
15
Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а, Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара.
16
Суна тӀеберзаран метта, гӀийлачу харцдалла тӀебоьрзу уьш. Шен пхарца гӀокхана тӀе ца кхочу тешам боцу секхаӀад санна бу уьш. Церан элий туьро хӀаллакбийр бу, шайн кӀоршаме мотт бахьана долуш. ТӀаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14