bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 11
Hosea 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 12 →
1
ТӀом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте.
2
Со цаьрга мел кхойкху, уьш Суна генабовлура. Цара БаӀал-деланашна сагӀанаш а дохура, цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
3
Делахь а Аса-Айса Ӏамийнера эпраймхой когаш тӀе дӀахӀитта. Сайн карахь лелабора Ас уьш. Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар къобалдан ца лаьара царна.
4
Адамийн дикаллин тӀийрагашца Аса уьш тӀеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тӀера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьӀна, уьш кхобура Аса.
5
Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дӀахӀуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?
6
Церан гӀаланашна тӀе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дӀакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.
7
Сан халкъ тешнабехк барна тӀедирзина. Веза Воккхачуьнга шаьш кхойкхуш белахь а, Иза баккъалла а ваз ца во цара.
8
Муха дӀалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гӀалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гӀалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла.
9
ХӀан-хӀа, Сайн оьгӀазе дералла кхочушйийр яц Аса, Сайна хетарг хуьйцур дац Аса, Эпрайман халкъ хӀаллакдийр дац. Со — Дела ма ву, Со адам ма дац. Хьуна юкъахь Со Везаниг ма ву! Дераллица вогӀур вац Со.
10
Уьш Везачу Элана тӀаьхьахӀуьттур бу. Цо Шен аз, лоьмо санна, хозуьйтур ду. ТӀаккха, сих а луш, богӀур бу Цунна тӀе малхбузера кӀентий.
11
Сих а луш, юхабоьрзур бу уьш, Мисар-махкара, схьадогӀу олхазарш санна, Ашур-махкара, схьадогӀу кхокхарчий санна. Ткъа Аса уьш шайн-шайн цӀеношка охьаховшор бу». Иштта боху Везачу Эло.
12
«Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна. Ткъа исраилхоша — мекарлонца бина. ЯхӀудан халкъ хӀинца а Делаца лелаш ду, Везачуьнца иза тешаме ду.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14