bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 12
Hosea 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 13 →
1
Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тӀаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
2
Везачу Эло ЯхӀудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тӀаьхьенна таӀзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догӀург а дийр ду Цо, церан гӀуллакхашка хьаьжжина.
3
Ненан кийрахь а волуш, шен вешин кӀажа лецира Якъуба. Ткъа стаг а хилла ша дӀахӀоьттича, Делах летира иза.
4
Маликах а летта, кӀел ца висира Якъуб. Воьлхуш, шех къинхетам бар дийхира цо. Беталахь иза карийра Далла, цигахь цуьнга къамел дира Цо.
5
Иза массо а ницкъийн Веза Дела вара, цӀе, «Волуш Верг» аьлла, йоккхура Цуьнан.
6
Иштта шу, Якъубан тӀаьхьенах дерш, шайн Далла тӀедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!
7
Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву.
8
Эпраймхоша а шаьш хестабо: «Вай дукха дика даха хевшина, вай шортта бахам гулбина. Цхьаммо вайна бехк буьллийла дац вай лелийначу къилахь долчунна», — бохуш.
9
«Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Аса юха а четарш чу даха охьаховшор ду шу, яьссачу арахь шу долчу Со веанчу деношкахь санна.
10
Со пайхамаршка вистхуьлура. Ас дуьхьалхӀуьтту суьрташ а алссам гойтура, пайхамаршкахула хьекъале дустарш а даладора».
11
ГалӀад-гӀалахь нах цӀушна Ӏамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хӀуманна тӀе кхочур бац. Галгал-гӀалахь наха эсий дойу. Церан сагӀа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тӀулгийн баьрзнаш санна хир ю.
12
Якъуб Арам-мехкан аренашка веддера. Цигахь Исраила зудчун дуьхьа болх а бора, зуда ялорхьама, жа а Ӏалашдора.
13
Амма Везачу Эло пайхамаран гӀоьнца исраилхой Мисар-махкара арабехира. Цо уьш Ӏалашбора пайхамарехула.
14
Эпрайман халкъо Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтина. Ӏанийначу цӀийна цуьнгара жоп доьхур ду Цо. Цадашар Везачу Эло цунна дуьхьалдоккхур ду.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14