bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 13
Hosea 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 14 →
1
Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаӀална Ӏамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.
2
Исраилхоша хӀинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цӀуш бо. Шайн детих говза йина хӀуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагӀанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»
3
И бахьана долуш уьш Ӏуьйренан дохк санна а, хьалххехь дӀадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дӀахьоькху ялтин нехаш санна а, биргӀанан чуьра хьалаболу кӀур санна а.
4
Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта. Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.
5
Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.
6
Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.
7
И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кӀелхиъна долу цӀокъ санна, кечлур ву Со.
8
КӀорнех яьккхина ча санна, тӀелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этӀор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».
9
«Аса хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ. ТӀаккха хьан гӀо дийр ду хьуна?
10
Мичахь ву хьан паччахь хӀинца? Цо хьо кӀелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гӀаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“
11
Аса паччахь велира хьуна Со оьгӀазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
12
Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю, цуьнан къинош дӀадехкина ду.
13
Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна. Иза хьекъал доцу кӀант ву. Дуьнен чу вала хан тӀееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.
14
Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!
15
Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогӀур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14