bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 5
Hosea 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 6 →
1
«ЛадогӀа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цӀийнах берш! ДӀахаза, паччахьан цӀа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр — иштта хӀара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицӀпа-гӀалахь шух кӀело йина дела, Табур-ломахь дӀасаяржийна бой санна шу хилла дела.
2
Шитимехь акхарой лоцу ор кӀорга аьхкина аша, амма Аса шуна массарна а таӀзар дийр ду.
3
Эпрайман халкъ а девза Суна, Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла.
4
Цара мел лелийначу вочу гӀуллакхаша шайн Далла тӀе ца боьрзуьйту уьш. Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла, цундела Веза Эла царна ца вевзина.
5
Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхӀудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна.
6
Уьш сагӀина шайн уьстагӀий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дӀавирзина.
7
Цара къотӀалгӀа бераш а дина, Везачу Элана ямартло йина. Ткъа хӀинца деза денош долчу керлачу батто шайн кхашца цхьаьна цоьстур бу уьш».
8
«Коьман маӀаца дӀакхайкхаде ГебаӀ-гӀалахь, турбанца дӀакхайкхаде Рама-гӀалахь, орца даккха Байт-Аван-гӀалахь! Бен-Яман, мостагӀа хьуна тӀаьхьа вогӀуш ву!
9
Дала таӀзар динначу дийнахь Эпраймах яьсса аре хир ю. Иштта Аса дӀакхайкхийнарг а шеко йоцуш хир ма ду!
10
ЯхӀудан баьччанаш тарбелла лаьттан асанийн дозанаш дӀасатоьттучарах. Аса Сайн оьгӀазло, тӀехдаьлла хи санна, тӀеӀанор ю царна.
11
Эпрайм-мохк а кӀелбитина, шена йинчу кхело охьатаӀийна иза, цӀушна тӀаьххье цунна баха лиъна дела, ткъа и цӀуш кхелли санна ма бу.
12
Эпрайман халкъана неца санна хир ву Со, ткъа ЯхӀудан халкъана мекха хир ю Сох.
13
Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхӀудана шена хилла чов дӀагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тӀе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац.
14
ХӀунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхӀудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дӀагӀур ву, Аса уьш Сайца дӀахьур бу. Цхьаммо а кӀелхьарбохур бац уьш.
15
Со Сайн метте дӀагӀур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тӀехӀоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14