bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 8
Hosea 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 9 →
1
«Орца даккха, хьайн бете коьман маӀа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагӀий Везачу Элан халкъана тӀелета, хӀунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.
2
Цара Соьга шийла маьхьарий деттар ду: „Сан Дела! Хьо тхуна вевза. Тхо Исраилан халкъ ма ду!“ — бохуш.
3
Исраилан халкъ диканах дӀадирзина. МостагӀа цунна тӀаьхьа вер ву.
4
Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дӀахӀиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дӀахӀиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цӀуш бина цара, амма оцу цӀуйн хӀаллакьхиларан Ӏалашонна бен хир дац иза.
5
Шамранан бахархой, шун эса-цӀу витина Аса! Сан оьгӀазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цӀушна Ӏамалъярх цӀанбелла боцуш?
6
И цӀу а — Исраилан халкъо дина хӀума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цӀу долу эса дохор ма ду!»
7
«Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кӀенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дӀакхоллур дара.
8
Исраилан халкъ дӀакхаьллина яа хӀума санна дӀахӀоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегӀа санна хилира.
9
Исраилан халкъ Ашур-махка дӀадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгӀаташ дарца безаргаш шегахьа бохура.
10
Цара кхечу къаьмнашна тӀе совгӀаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТӀаккха уьш гӀелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех.
11
Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагӀа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дӀахӀиттина.
12
Дуккха а Сайн товрат-хьехамаш Аса язбира цунна, амма цо уьш шена хийра болуш санна лерина.
13
Суна дийнаташ дайина сагӀанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хӀинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таӀзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу».
14
«Исраилан халкъо паччахьан гӀишлош дӀахӀиттийна, ткъа ша ДӀахӀоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гӀаланех цӀе тосур ю, ткъа оцу цӀеро церан паччахьан гӀишлош дӀакхоллур ю».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14