bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 2
Hosea 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 3 →
1
«Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Ӏами) алий, цӀе тилла, ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цӀе тилла».
2
«Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала.
3
Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь, цуьнан бедарш этӀор ю Аса, нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара, ерзина а яьккхина. Иза, яьсса аре санна, дӀахӀоттор ю Аса, иза, декъа латта санна, йийр ю Аса, хьагъярца хӀаллакйийр ю.
4
Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех, тешаме доцу бераш уьш долу дела.
5
ХӀунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тӀаьххье дӀагӀур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тӀаргӀа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.
6
Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дӀакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дӀахӀоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.
7
Иза шен безаргашна тӀаьхьауьдур ю, амма тӀаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТӀаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тӀе дӀагӀур ю со. Цуьнца долу дахар гӀоле дара сан, хӀинца чул“.
8
Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагӀаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаӀал-цӀу дӀахӀоттийна.
9
Ялта чудерзо хан тӀекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагӀар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тӀаргӀа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.
10
Иштта цуьнан дерзина дегӀ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.
11
Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цӀинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а — дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.
12
Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хӀара“, — олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу.
13
Аса таӀзар дийр ду цунна, БаӀал-цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, шен чӀагарш а, туьтеш а шена тӀе а оьхкина, шен безаргашна иза тӀаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», — боху Везачу Эло.
14
«Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дӀа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.
15
Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Ӏахур-тогӀех сатийсаран неӀ дӀахӀоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».
16
Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидӀа „сан БаӀал“ эр дац ахь Сох.
17
БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса, церан цӀераш кхин йохур яц цо.
18
Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Ӏаддий, туррий, тӀоммий дӀабоккхур бу Аса цу лаьтта тӀера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.
19
Гуттаренна а Сайна тӀеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо.
20
Сайна тешаме хиларца тӀеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тӀаккха къобалвийр ву ахь.
21
Цу дийнахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.
22
Ткъа ялтин а, чагӀаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраӀал“ — Дала дӀадоь — аьлла, жоп лур ду.
23
Иза Аса Сайна лаьттахь дӀаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ — эр ду».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14