bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hosea 9
Hosea 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 10 →
1
Исраилан халкъ, кхидолу халкъаш санна, хазахетар тӀехдолуьйтуш доккха ма де. Хьайн Делах дӀа а дирзина, ахьа кхахьпалла леладора. Кхахьпанан алапа хьуна дукхадезара кӀа оруш йолчу массо а хьаьттаршкахь.
2
Хьаьттаро а, муттдоккхурго а исраилхой бузор ма бац. Кемсийн мутт царна тоьар ма дац.
3
Уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.
4
Цара Везачу Элана чагӀаран сагӀа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагӀанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цӀа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна.
5
ХӀун дийр ду аша билгалдаьккхинчу дезачу дийнахь а, Везачу Элана леринчу дезачу дийнахь а?
6
Бохам болчуьра исраилхой дӀагӀахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гӀалин лаьттахь дӀабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хӀуманаш. Коканийн кӀохцалш девр ду церан цӀенош тӀехь.
7
Дала таӀзар дийр долу денош тӀекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дӀалур долу денош тӀекхаьчна. ДӀахоийла иза Исраилан халкъана! «ХӀара пайхамар сонта ву, — боху цара — Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагӀалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела.
8
Пайхамар сан Далла уллохь ву, ткъа иза Эпрайман халкъан ха ду. Олхазарш лецархочун речӀанаш массо а некъаш тӀехь дӀахӀиттийна ю, ткъа мостагӀалла ур-атталла цуьнан Делан цӀа чохь а ду.
9
Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаӀ-гӀалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогӀур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таӀзар дийр ду.
10
Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тӀехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаӀал-ПаӀорна тӀебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цӀу санна, маьттаза бевлира уьш.
11
ТӀемадаьлла олхазар санна, дӀадовр ду эпраймхойн сийлалла: дуьнен чу бер а дер дац, зуда берах а хир яц, церан кийрахь бераш а кхуллур дац.
12
Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!
13
Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна, исбаьхьачу меттигехь дӀайийна къона хурма санна, ткъа хӀинца цо шен бераш арадаха деза, уьш дайъийтархьама.
14
Ва Веза Эла, бекхам бехьа царна! Стенца царна хьакъдерг дала деза Ахь? Лохьа царна бер ца хуьлу кийра а, дакъаделла накхош а».
15
Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гӀалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу.
16
Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду: цуьнан орам бакъабелла, цо кхин стом лур бац. Ур-атталла цара бераш дахь а, церан кийрара схьадевлларш хӀаллакдийр ду Аса, мел хьоме уьш царна делахь а».
17
Сан Дала дӀатоттур ду и халкъ, цо Шега ла ца доьгӀна дела. Къаьмнашна юкъахь кхерсташ, доладелла лелар ду иза.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14