bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 1
Judges 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 2 →
1
ЮшаӀ кху дуьнен чуьра дӀаваьллачул тӀаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаӀанхошца тӀом бан?» — аьлла.
2
Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш гӀур бу. Аса хӀара мохк церан кара дӀабелла».
3
Шайн вежарий болчу ШимӀин тайпане гӀо дийхира ЯхӀудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хӀоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан а гӀо дахь, оха а шуна гӀо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимӀин тайпа а,
4
ЯхӀудан тайпа а цхьаьна тӀамца тӀедахара цига. Везачу Эло царна гӀо дира канаӀанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гӀалахь итт эзар стаг вийра цара.
5
Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаӀанхой а, перезахой а эшийра цара.
6
Адани-Безакх ведда кӀелхьарвала гӀоьртира, амма кхара, цунна тӀаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пӀелгаш дехира.
7
Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пӀелгаш дӀахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХӀинца Дала соьца а и гӀиллакх хӀоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дӀавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.
8
ЯхӀудан тӀаьхьено Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гӀала ягийра.
9
Цул тӀаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегӀаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тӀехь а бехаш болчу канаӀанхошца тӀом бан бахара.
10
ЯхӀудан тӀаьхье Хьевронехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан яхара (хьалха Хьеврон-гӀалин цӀе Кхиръят-АрбаӀ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.
11
Цигара бевлча, яхӀудхой Дибар-гӀалин бахархошна тӀелата бахара (Дибар-гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар хилла).
12
Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоӀ Ӏахисат маре дӀалур ю аса».
13
Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниала и гӀала схьаяьккхира. ТӀаккха Килаба цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре дӀаелира.
14
Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Шен йоӀ вир тӀера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?»
15
Ӏахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегӀаб-аре ахьа суна елла, хӀинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дӀаделира цо цунна.
16
Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш.
17
ЯхӀудхой шимӀахошца цхьаьна Цепат-гӀалахь бехаш болчу канаӀанхошна тӀелетира, ерриг гӀала йоха а еш. Цундела тиллина цу гӀалин цӀе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду).
18
ЯхӀудхоша иштта Ӏази-гӀала а, Ашкхилун а, Ӏекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира.
19
Веза Эла ЯхӀуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хӀунда аьлча цаьргахь аьчка гӀудалкхаш яра.
20
Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дӀаелира, ткъа цо Ӏаьнакхан кхо кӀант цигара лаьллина дӀавахийтира.
21
Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дӀа ца лахкабелира. Уьш хӀинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тӀаьхьенна юкъахь бехаш бу.
22
Юсупан тӀаьхье Бетал-гӀалина тӀелетира. Веза Эла цаьрца вара.
23
Юсупан тӀаьхьено нах бахийтира, Бетал-гӀалина таллам бе аьлла (хьалха цу гӀалин цӀе Луз хилла).
24
Тергам беш болчарна, цу гӀалара ара а ваьлла, схьавогӀуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГӀалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна».
25
Цо царна гӀалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тӀаьхьенах болчара цу гӀалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дӀабахийтира.
26
Иза, хьетахойн латта долчу дӀа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цӀе йолу гӀала. И цӀе хӀинца а йоккхуш ю.
27
Цхьаболу канаӀанхой Байт-Шан, ТаӀнак, Дор, ИбалӀам, МагӀидда олучу гӀаланашкахь Ӏаш бара. Маннашан тӀаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаӀанхой цигахь баха бисира.
28
Исраилан халкъ, са чу а деана, дӀахӀоьттича, цара канаӀанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дӀа а ца лаьхкира.
29
Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГӀазарахь бехаш болу канаӀанхой цу лаьтта тӀера дӀабаха. Эпрайман тӀаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира.
30
Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахӀлалахь а Ӏаш болу канаӀанхой дӀабахийта. Шайн латтанаш тӀера дӀа а ца бахабелла, Забулан тӀаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дӀахӀиттийнехь а.
31
Ашарарчу халкъо а дӀа ца лаьхкира Ӏакхора а, ЦӀаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой.
32
Ашаран некъий цу махкара болчу канаӀанхошца бехаш Ӏаш бара, хӀунда аьлча уьш цаьрга цигара дӀа ца лахкабелира.
33
Напталан наха а ца лаьхкира дӀа Байт-Шамашера а, Байт-Ӏанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш.
34
Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура.
35
Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тӀе баха ховша — Айлонехь а, ШаӀалбанахь а. Амма тӀаьхьо Юсупан тӀаьхье чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура.
36
Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цӀе йолчу ламанан Ӏинна тӀера СилаӀана тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21