bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 13
Judges 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 14 →
1
Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пӀелаштамхойн кара дӀабелира.
2
Цу хенахь Манахь цӀе а йолуш, Данан тӀаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорӀа-гӀалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара.
3
Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кӀант вийр ву.
4
ХӀинцачул тӀаьхьа ларлуш хила, цхьанна а тайпана долу чагӀар а ма мала, Далла хьалха боьха йолу хӀума а ма яа.
5
ХӀинца берах а хилла, ахьа кӀант вича, цуьнан корта дӀа ма башийта, хӀунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардаккха волалур ву».
6
Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТӀехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чӀогӀа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цӀе а ца яьккхира.
7
Цо элира: „Ахьа кӀант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цӀена хетарг бен хӀума а ма яа, хӀунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дӀадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“».
8
ТӀаккха Манахьа шен доӀанна тӀехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хӀун дан деза дуьйцуш».
9
Далла Манахьан аз дӀахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дӀахӀоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара.
10
Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана».
11
Манахь, хьала а гӀаьттина, шен зудчунна тӀаьхьа а хӀоьттина, цу стагана тӀевахара. Цо элира: «Хьо вуй хӀокху зудчуьнца къамел динарг?» Малико элира: «Со ву».
12
Манахьа элира: «И хьан дешнаш кхочушхиллачул тӀаьхьа, кӀант муха кхио веза оха? Цунна хӀун дан деза?»
13
Везачу Элан Малико элира: «Хьайн зудчуьнга аса мел аьллачух ларло ала.
14
Кемсийн таьллангех йолуш йолу хӀума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хӀуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга».
15
Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц».
16
Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагӀа даккха лууш хьо велахь, и гӀуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.
17
Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Хьан цӀе хӀун ю? Хьан дешнаш кхочушхилча, тхуна луур ду хьан сий хьаладаккха».
18
Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахьа? Иза тамашийна ю».
19
ТӀаккха Манахьа, буьхьиг а, кӀа а схьа а эцна, тӀулга тӀехь Везачу Элана сагӀа даьккхира. Манахь а, цуьнан зуда а хьоьжучу хенахь Везачу Эло цхьа тамашийна гӀуллакх дира.
20
СагӀа доккхучу тӀулгашна тӀера цӀе стигала хьалаяхча, Везачу Элан Малик цу цӀарца стигала хьаладахара. И хӀума шайна гича, Манахь а, цуьнан зуда а лаьтта бертал охьадуьйжира.
21
Везачу Элан Малик Манахьана а, цуьнан зудчунна а гучуьра къайладелира. ТӀаккха Манахьана хиира, иза Везачу Элан Малик дуйла.
22
Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!»
23
Амма цуьнан зудчо элира: «Везачу Элана вайшиъ ден лиънехь, Цо вайшиммо сагӀина лерина йолу буьхьиг а, кӀен сагӀа а дӀаоьцур дацара. Иштта Цо Ша гайтинарг а гойтур дацара вайна я цхьа а тайпана хӀума а эр дацара».
24
Цу зудчо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамшон а тиллира. И бер кхуьуш догӀуш дара, Везачу Эло иза къобал а дора.
25
Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цӀе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь дӀахӀоттийна яра.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21