bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 20
Judges 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 21 →
1
Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицӀпа-гӀалахь. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалӀадара Исраилан халкъ а деанера кхуза.
2
Массо а Исраилан халкъах долчу тайпанан куьйгалхой а баьхкинера Далла хьалха вовшахкхетачу метте. Виъ бӀе эзар карахь тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера кхузахь.
3
Бен-яманхошна дӀахиира исраилхой МицӀпахь схьагулбеллийла. Исраилхоша хаьттира: «Схьадийца, муха хилира и вон хӀума?»
4
Йийна йолчу зудчун майрачо цаьрга дийцира: «Со сайн гӀарбаш-зудчуьнца Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала веара, цигахь буьйса яккха дагахь.
5
Амма буьйсанна ГебаӀ-гӀалин бахархоша тхо буьйса яккха сецна долчу цӀенна го бира, со вен дагахь. Цара сан гӀарбаш-зуда хьийзийра. И хӀума бахьана долуш иза елира.
6
Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира, Бен-Яманан тӀаьхьено и инзаре а, сийсаза а гӀуллакх Исраилан махкахь дина дела.
7
ХӀинца аша, исраилхой, шайна юкъахь барт а бай, ала, оха хӀун дан деза?»
8
Дерриг а халкъо, цхьаъ санна хьала а гӀаьттина, элира: «Вайх цхьа а шен четар долчу гӀур вац. Вайх волу цхьа а стаг шен цӀа юхавоьрзур вац.
9
Вай хӀинца хӀара дийр ду ГебаӀ-гӀалина: кхаж а тесна, цуьнца тӀом бан гӀур ду.
10
Исраилан тайпанех волчу итт стагана юкъара цхьаъ схьа а хаьржина, тӀелата боьлхучарна сурсат дан деза. Вукхара, Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала а кхаьчна, исраилхошна юкъахь бехаш болчу цигарчу нахана таӀзар дан деза, и боьха хӀума цара шайгара далийтарна».
11
Массо а исраилхо, цхьаъ санна, цхьаьнакхийтира цу гӀалина дуьхьалвала.
12
Цара Исраилан халкъера Бен-Яманан тайпане хабар эцна стаг вахийтира. И хабар иштта дара: «Ма боьха хӀума ду шух болчу наха динарг!
13
Схьало тхан кара ГебаӀ-гӀалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дӀадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тӀаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогӀа.
14
Шайн гӀаланаш а йитина, Бен-Яманан тӀаьхьенах болу нах ГебаӀ-гӀала схьагулбелира, исраилхошца тӀом бан дагахь.
15
Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тӀаьхьенах тур лелош волу тӀемало, вовшах а тоьхна, тӀамана кечвира. Кхин а ГебаӀ-гӀалара ворхӀ бӀе тур лелош волу тӀемало а вара цаьрца.
16
Дерриг а эскарна юкъара ворхӀ бӀе стаг къаьсттина дика тӀемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тӀулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура.
17
Бен-яманхой боцурш, исраилхойн виъ бӀе эзар тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера. Уьш массо а тӀамана кийча а бара.
18
Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тӀом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла».
19
Цу Ӏуьйранна исраилхоша шайн меттамотт дӀахӀоттийра ГебаӀ-гӀалина генахь доццуш.
20
Исраилхой бен-яманхошца тӀамана кечбелира. Уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь тӀамана нисбелла дӀахӀиттира.
21
ГебаӀ-гӀалара ара а бевлла, бен-яманхоша цу дийнахь ткъе шиъ эзар исраилхо, вийна, лаьтта охьавиллира.
22
Амма Исраилан эскар, къар ца луш, юха а ша хьалхарчу дийнахь лаьттинчу метте тӀамана кечделла дӀахӀоьттира.
23
ХӀунда аьлча хьалхарчу дийнахь исраилхой боьлхуш хилла Везачу Элана хьалха. Цара Цуьнга хоьттура: «Тхо кхин а цкъа лата дезий тхан вежарий болчу бен-яманхошца?» Везачу Эло жоп деллера: «Даха а гӀой, тӀом бе цаьрца».
24
Исраилхойн эскар шолгӀачу дийнахь юха а тӀегӀоьртира бен-яманхойн эскарна.
25
Бен-яманхойн эскаро, юха а ГебаӀ-гӀалара ара а даьлла, исраилхойн берхӀитта эзар тур лелош волу тӀемало, вийна, охьавиллира.
26
ТӀаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тӀекхаччалц яа хӀума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха.
27
27-28 Цу хенахь Делан деза тӀорказ цигахь хилла. АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гӀуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тӀамца дуьхьал довла дезий тхо?» Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дӀалур бу».
28
***
29
Исраилхой ГебаӀ-гӀалина гонах кӀело йина дӀахӀиттира.
30
Церан эскар кхозлагӀчу дийнахь, хьалха санна, ГебаӀ-гӀалахь бен-яманхошца тӀом бан кийчча дӀахӀоьттира.
31
Бен-яманхойн эскар, гӀалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тӀаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гӀалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хӀаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гӀала а, ГебаӀ-гӀала а боьдучу новкъахь байира.
32
Бен-яманхоша элира: «Уьш вайна хьалха, хьалха санна, охьаэгаш бу». Ткъа исраилхоша элира: «ДӀа а девдда, вай уьш гӀалина гена баха беза, некъаш долчу агӀор дӀа а берзош».
33
Исраилхойн эскаран коьрта дакъа, дӀа а дедда, БаӀал-Тамарехь дӀахӀоьттира. Ткъа кӀело а йина Ӏаш болу исраилхой ГибаӀ-гӀалина малхбузехьа йолчу агӀонгахьара чугӀоьртира.
34
Итт эзар тоьлла волу тӀемало вара ГебаӀ-гӀалина тӀелеттачу тобанна юкъахь. ТӀом чӀогӀа луьра бара. Бен-яманхошна ца хаьара, шайна тӀедогӀуш дерг доккха вон дуйла.
35
Везачу Эло эшадайтира исраилхошка бен-яманхойн эскар. Цу дийнахь исраилхоша бен-яманхойн эскарх вийнарг ткъе пхиъ эзар бӀе стаг вара. Уьш массо а тур лелош болу эскархой бара.
36
Бен-яманхошна хиира, шаьш эшийнийла. Исраилхойн эскар юхадаьллера, хӀунда аьлча уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь мостагӀчунна кӀело йина болу шайн эскархой тӀелатаре сатуьйсуш хилла.
37
КӀело йина Ӏаш болчара, цӀеххьана ГебаӀа чу а бахана, цу гӀалара мел волу вахархо шайн таррашца вийнера.
38
КӀело йина Ӏаш болчаьрца исраилхойн коьртачу декъо бина барт хилла: цара гӀалара хьалабоьдучу кӀуьраца хаам бан безара.
39
Исраилхой тӀом болчу меттера юхабевлча, бен-яманхоша ткъе итт стаг вийра. Цара бохура: «Юха а, хьалха санна, тхуна хьалхахь охьаоьгуш бу уьш».
40
Эццахь гӀалара кӀур ирхъэха болабелира. Бен-яманхой юхахьаьжча, царна гира цӀе яьлла йогуш йолу ерриг а гӀала.
41
Исраилхой, юхабуьйлучуьра совца а севцина, шайн мостагӀех лата буьйлабелира. Ткъа бен-яманхой, шайна тӀехӀоьттинарг гича, кхерабелира.
42
Уьш исраилхойн эскарх бевдда аренгахула дӀабоьлхуш бара, амма церан кӀелхьарбовла меттиг яцара. Исраилхоша уьш, шайн гӀаланашкара ара а бохуш, бойура.
43
Бен-яманхошна го а бина, исраилхоша уьш Нухьера дуьйна ГебаӀ-гӀалин малхбалехьа йолчу агӀонга кхаччалц лаьхкина дӀабигира.
44
Бен-яманхойн эскарх волу берхӀитта эзар тоьлла волу тӀемало вийра цу дийнахь исраилхоша.
45
ТӀаьхьабиснарш, бевдда, яьссачу аренга, Римун цӀе йолчу тархана улло, дӀабахара. Цу новкъахула уьш бевдда дӀабоьлхучу хенахь исраилхоша кхин а пхи эзар стаг вийра. Царна тӀаьхьабевллачуьра ца совцуш, уьш ГадӀама кхаччалц дӀабахара. Цига дӀакхачале, кхин а ши эзар стаг вийра цара.
46
Цу дийнахь верриг а вийнарг ткъе пхиъ эзар тур лелош волу тоьлла бен-яманхо вара.
47
Ялх бӀе бен-яманхо, ведда, Римун олучу тархана уллохь йолчу яьссачу аренга дӀа а вахана, цигахь беа баттахь Ӏийра.
48
Ткъа исраилхой бен-яманхойн лаьтте юхабирзира. Цигара нах а, церан бежанаш а дойуш, шайн караеана йолу хӀума а йохош, церан массо а гӀаланаш ягош хӀаллакйира.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21