bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 19
Judges 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 20 →
1
Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Ӏаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла.
2
Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь Ӏаш волчу шен ден цӀа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла.
3
Цуьнан майра, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьхьавахана. Иза цига вахаран Ӏалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гӀарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чӀогӀа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира.
4
Цуьнан стундена чӀогӀа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Ӏийна иза.
5
ДоьалгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххехь хьала а гӀаьттина, шен цӀа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хӀума кхаьллича, гӀолехь ду хьуна. Цул тӀаьхьа дӀагӀур ду шу».
6
Левихо тӀаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Ӏийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха».
7
ДӀаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Ӏийра.
8
ПхоьалгӀачу дийнахь иза, Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, дӀаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хӀума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дӀагӀур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Ӏийра.
9
Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а, ялхо а дӀадаха дагахь хьалагӀаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тӀейогӀуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гӀевттина, шайн цӀа гӀур ду шу».
10
Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гӀаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тӀейоьттина хӀума а йолуш ши вир а, цуьнан гӀарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гӀала схьакхечира (хӀинца цу гӀалин цӀе Ярушалайм ю).
11
Уьш цу гӀала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гӀали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга».
12
Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гӀали чу а ца доьлхуш, ГебаӀ-гӀала дӀагӀур ду вай».
13
Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаӀ-гӀала, я Раме дӀакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай».
14
Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара.
15
Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГӀалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дӀа ца кхойкхура.
16
Шен кха тӀера цӀа вогӀуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хӀинца ГебаӀ-гӀалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла.
17
Шена гӀалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогӀуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?»
18
Левихочо цуьнга элира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара схьадогӀуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дӀадоьлхуш а ду. Тхо хӀинца цӀа догӀуш ду. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга.
19
Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хӀума а ю, иштта бепиг а, чагӀар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хӀумма а ца оьшу».
20
Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха».
21
Левихо а, цуьнца берш а шен цӀа чу а бигна, церан варрашна яа хӀума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хӀума яа охьахевшира.
22
Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа».
23
ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума.
24
Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума».
25
Амма царна воккхачу стаге ладогӀа ца лаьара. ТӀаккха левихочо шен гӀарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дӀахийцира.
26
Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цӀийнан неӀсагӀина хьалха охьаюьйжира. Ӏуьйре тӀекхаччалц Ӏиллира иза цигахь.
27
Ӏуьйранна левихочо, хьала а гӀаьттина, цӀийнан неӀарш дӀайиллира. ЦӀа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гӀарбаш-зуда гира. Иза неӀарехь Ӏуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неӀсагӀина тӀехь дара.
28
Левихочо цуьнга элира: «ХьалагӀатта, дӀагӀо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гӀарбаш-зуда вирана тӀе а йиллина, цӀа вахара.
29
ЦӀа веанчул тӀаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира.
30
И хӀума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц. Цу хӀуманна тӀе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хӀун дан деза ала».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21