bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 18
Judges 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 19 →
1
Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара.
2
Данан тӀаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорӀера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гӀой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цӀа чохь буьйса яьккхира.
3
Микин цӀенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦӀа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хӀун деш ву?»
4
Жимачу стага цаьрга дӀадийцира Микас ша йолах тӀелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а.
5
Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий».
6
Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дӀагӀо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Ӏалашдийр ду».
7
И пхи стаг дӀавахара. Лаиш-гӀала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цӀаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гӀело еш мостагӀий а бацара. Уьш ЦӀадан-гӀалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш.
8
И вахийтина волу пхи стаг ЦорӀа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХӀун хии шуна?»
9
Цара жоп делира: «Тхуна чӀогӀа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТӀе а латий, и латта цаьргара схьадаккха!
10
Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».
11
ЦорӀара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бӀе стаг новкъа велира. Уьш тӀамана кийча бара.
12
Лаиш-гӀала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхӀуд-махкарчу Кхиръят-ЯӀаримехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯӀаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хӀинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду).
13
Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цӀийне кхечира.
14
Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цӀенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цӀуш а, тӀе дети диллина волу цӀу а ву. Ойла е, хӀун дан деза».
15
Къона левихо чохь Ӏаш волчу Микин цӀа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара.
16
Ткъа Данан тӀаьхьенах волу ялх бӀе стаг тӀамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара.
17
Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цӀенна чу а вахана, дечиган цӀу а, ийпад а, кхиболу цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бӀе тӀемалочуьнца лаьтташ вара.
18
ЦӀа чу а бахана, цара ийпад а, цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хӀун деш ду?»
19
Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тӀе а диллий, тхуна тӀаьхьахӀотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гӀоле дац хьуна?»
20
И дешнаш къоначу левихочунна чӀогӀа дезаделира. Иза, ийпад а, цӀуш а, дато цӀу а схьа а эцна, Данан тӀаьхьенах болчу нахана тӀаьхьахӀоьттира.
21
Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дӀадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара.
22
Уьш новкъа бевллачул тӀаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тӀаьхьа а бевлла, царна тӀекхечира.
23
Цара Данан тӀаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХӀун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?»
24
Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цӀуш соьгара дӀабаьхна. Аша иштта сан динан да а дӀавигна. Суна диснарг хӀун ду? Стенна хоьтту аша: „ХӀун хилла?“ — бохуш?»
25
Данан тӀаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгӀазбахана нах шайна тӀе ца латийта. ТӀаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хӀаллакбойтур бара».
26
Данан цӀийнах болу нах шайн новкъахула дӀабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цӀа юхавирзира.
27
Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра.
28
Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира.
29
Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла.
30
Данхоша шайн гӀалахь дато цӀу дӀахӀиттийна хилла. Шайн динан да вина дӀахӀоттийна хилла цара Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант ЯхӀуната. ЯхӀуната а, цуьнан кӀентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дӀадиггалц.
31
Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21