bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 17
Judges 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 18 →
1
Эпрайман лаьмнаш долчу махкахь вехаш Ӏаш хилла Мика цӀе йолу цхьа стаг.
2
Микас шен нене элира: «ДагадогӀий хьуна хьан лачкъийна долу цхьа эзар бӀе шекхал долу дети? Ахьа суна хьалха сардамаш а кхайкхийра иза лачкъийначунна. И дети соьгахь ду. Аса схьаэцнера иза». Нанас элира: «Везачу Эло декъала войла хьо, сан кӀант!»
3
Микас и дети шен нене дӀаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кӀант, хьуна тӀера хӀара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦӀу а вай, цунна тӀе дети дилла. ХӀинца аса хьуна и дети юхало».
4
Амма Микас дети шен нене юхаделира. Ткъа цо, ши бӀе шекхал дети схьа а эцна, иза дато пхьере дӀаделира. Цу пхьеро цунах тӀе дети диллина волу цӀу вира. И цӀу Микин цӀа чохь дӀахӀоттийна вара.
5
Микин шен делан цӀа дара. Цо ийпад а, цӀуш а бира. Цул тӀаьхьа цо, шен кӀенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира.
6
Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.
7
ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тӀевеана стаг санна Ӏаш вара.
8
Иза, Байтлахам-гӀалара ара а ваьлла, ша тӀекхаьчначохь ваха хаа дагахь лелаш вара. Лелаш, иза Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Микин хӀусаме кхечира.
9
Микас цуьнга хаьттира: «Хьо мичара вогӀу?» Жимачу стага жоп делира: «Со ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара левихо ву. Сайна ваха хаа меттиг лоьхуш ву со».
10
Микас цуьнга элира: «Со волчохь саца мегар ду хьуна, суна хьехамча а, динан да а хуьлуш. Аса хӀора шарахь итт шекхал дети а лур ду хьуна, даа-мала а, тӀедуха хӀума а латтор ду хьуна».
11
Левихойн жима стаг Мика волчохь саца резахилира. Иза цунна кӀант санна хилла дӀахӀоьттира.
12
Микас иза къобалвича, жима стаг динан да хилла дӀахӀоьттира. Иза Микин хӀусамехь вехаш а вара.
13
Микас элира: «Суна хӀинца хаьа Веза Эла сайца дика хир вуйла, хӀунда аьлча сан динан да левихойх ву».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21