bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 3
Judges 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 4 →
1
Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тӀехь а дитина, цкъа а канаӀанхойн махкахь тӀом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла.
2
Цо иштта динера, Исраилан халкъан тӀаьхьенах тӀом база болчарна тӀеман гӀуллакх карадерзийтархьама.
3
Везачу Эло цу лаьтта тӀехь дитинчу къаьмнийн цӀераш хӀорш ю: пӀелаштамхойн пхеа гӀалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаӀанхой а, цӀаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаӀал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тӀекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а.
4
И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг кхочушдойла хьожуш.
5
Иштта исраилхой бехаш Ӏаш хилла канаӀанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь.
6
Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш.
7
Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара.
8
Веза Эла оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дӀаделира. БархӀ шарахь Ӏийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кӀелахь.
9
ТӀаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дӀахӀоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кӀант Ӏотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кӀелхьара а бехира.
10
Везачу Элан Са охьадоьссинера Ӏотниалана тӀе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира. Иза тӀом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дӀавелира, цундела Ӏотниала цунна тӀехь толам а баьккхира.
11
Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. Цул тӀаьхьа Кхеназан кӀант Ӏотниал кхелхира.
12
Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна Исраилан халкъана дуьхьалхӀотта ницкъ белира.
13
Цо, Ӏамалекхахой а, Ӏамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гӀала кара а ерзош.
14
Муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонан куьйга кӀелахь хилира исраилхой берхӀитта шарахь.
15
Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кӀант АхӀуд вахийтира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхӀуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна совгӀаташ эцна.
16
Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агӀор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тӀехь дӀайихкинера.
17
АхӀуд, совгӀаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ӀегӀлон ша чӀогӀа зоьртала стаг вара.
18
СовгӀаташ дӀаделлачул тӀаьхьа, АхӀуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дӀабахийтира.
19
Галгалахь лаьтташ болчу тӀулган цӀушна уллохула дӀавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хӀума ду». «ЛадогӀалаш! ДӀате!» — элира паччахьо. Цунна гӀуллакх деш болу массо а нах арабевлира.
20
АхӀуд паччахь волчу чувахара. ӀегӀлон шийлачу лакхарчу цӀа чохь Ӏаш вара. АхӀуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дӀаала дезаш». Паччахь шен гӀанта тӀера хьалагӀаьттира.
21
АхӀуда аьтту хаьн тӀехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира.
22
Шаьлта, ираллина тӀаьххье мукъ а хьуллуш, кӀорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхӀуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира.
23
АхӀуд ученехула аравелира, шена тӀаьхьара лакхарчу чоьнан неӀарш дӀа а къовлуш.
24
Иза араваьллачул тӀаьхьа, ӀегӀлонан ялхой схьабаьхкира. НеӀ дӀакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гӀуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цӀа чохь».
25
Ялхой собардеш дуккха а Ӏийра, амма лакхарчу цӀийнан неӀ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогӀа схьа а эцна, неӀ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Ӏуьллуш волу шайн олахо гира царна.
26
Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхӀуд къайлавелира. ЦӀушна уллохула тӀех а ваьлла, иза СаӀирахь кӀелхьарвелира.
27
Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маӀа лекхира АхӀуда. Цу маӀан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхӀуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тӀера охьабиссира.
28
АхӀуда цаьрга элира: «Суна тӀаьхьахӀитта! Везачу Эло шун мостагӀий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхӀудана тӀаьхьахӀоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тӀехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш.
29
Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегӀахь волу муабахо вийра, цхьа а кӀелхьара ца волуьйтуш.
30
Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь.
31
Цул тӀаьхьа кхин а цхьана стага кӀелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Ӏанатин кӀант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гӀожаца ялх бӀе пӀелаштамхо вийра.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21