bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 21
Judges 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
1
Исраилхоша МицӀпахь чӀагӀо йина хилла шайн зудабераш бен-яманхошка маре ца дахийта.
2
Дерриг а халкъ, Бетал-гӀала а деана, Далла хьалхахь сарралц чӀогӀа доьлхуш Ӏаш дара.
3
Цара Деле элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! ХӀунда хилла иза исраилхошна? ХӀунда довш ду исраилхойн цхьа тайпа?»
4
ШолгӀачу дийнахь адам, Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀаьттина, сагӀа доккху меттиг кечъян дӀахӀоьттира. Цара Везачу Элана дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохура.
5
Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хӀокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хӀунда аьлча доккха неӀалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицӀпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чӀагӀо а яра.
6
Исраилан халкъо къинхетам бира шайн вежарий болчу бен-яманхойх. Цара элира: «Тахана исраилхойн цхьа тайпа дайна лара мегар ду.
7
Оха Везачу Элана хьалха йина чӀагӀо ю, исраилхойн зудабераш бен-яманхошка маре дохуьйтур дац аьлла. Бисинчарна зударий мичара балор бу вай?»
8
Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицӀпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар.
9
ХӀора стаге хьожуш, чекхбевлира уьш. Царна ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг цу гуламе веана цахилар гучуделира.
10
Исраилан гуламо цига шийтта эзар тоьлла стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «ГалӀадарчу Явеше а гӀой, тарраш детташ, цигахь волу массо а стаг, вей, охьавилла, я зударий а, я бераш а ца къестош.
11
Кхин цхьа хӀума а тӀедуьллу оха шуна: хӀора майрачуьнца Ӏийна йолу зуда а, зудчуьнца Ӏийна волу боьрша стаг а вийна дӀаваккха. Амма йоӀстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита».
12
ГалӀадарчу Явешехь царна йиъ бӀе йоӀстаг карийра. Уьш цара канаӀанхойн лаьттахь йолчу Шилунан меттаматте схьабалийра.
13
Цул тӀаьхьа исраилхоша шайн геланчаш бахийтира Римун цӀе йолу тарх йолчу гулбеллачу бен-яманхошна тӀе машар дӀакхайкхо.
14
ТӀаккха бен-яманхой шайн махка юхабирзира. ГалӀадарчу Явешера дийна дитина долу зудабераш цаьрга маре дӀаделира. Амма царна массарна а зударий ца тоьира.
15
Исраилан халкъ къинхетам беш хилла бен-яманхойх, хӀунда аьлча уьш Везачу Эло дӀакъастийна хилла исраилхойн кхечу тайпанех.
16
Исраилхойн къаноша элира: «Бен-яманхойн зударий байина. Вай хӀун дан деза зуда ца кхочуш бисина болчу божаршна?
17
Бисина болчу божарийн бераш хила деза, исраилхойн цхьа тайпа дуьнен чуьра дӀа ца далийта.
18
Амма вай вешан зудабераш цаьрга маре дахийта йиш йолуш дац. Уьш цаьрга ца бахийта вай йина чӀагӀо ю».
19
ТӀаккха цара элира: «ХӀора шарахь Шилун-гӀалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гӀала Бетал-гӀалина къилбаседехьа а, Бетал-гӀалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гӀалина къилбехьа а лаьтташ ю.)
20
Къаноша бен-яманхошка элира: «Даха а гӀой, кемсийн бошмашкахь дӀаловчкъа.
21
ТӀаккха тидам бе! Зудабераш халхарш дан арадевлча, кемсийн бошмашкара ара а довлий, хӀораммо а шайна, катохий, шилунхойн йоӀ схьа а эций, бен-яманхойн лаьтта юхадерза.
22
Церан дай а, вежарий а тхо долчу арз дахьаш багӀахь, оха цаьрга эр ду: „Тхан дуьхьа къинтӀера довла бен-яманхошна, хӀунда аьлча тӀамехь вай схьа ца лецира царна хӀоранна зуда. Шайн чӀагӀо йоха а ца еш, зудабераш дӀа ца даларна шу бехке дац“».
23
Бен-яманхоша, шайга ма-аллара, халхадуьйлуш хиллачу зудаберашна юкъара цхьацца йоӀ дӀайигира. Уьш, шайн лаьтта тӀе дӀа а бигна, шайна маре балийра цара. ГӀаланаш юха метта а хӀиттийна, уьш баха хевшира.
24
Исраилан халкъ цигара хӀора шайн тайпанашка а, шайн гаранашка а, шайн доьзалан лаьтта тӀе а дӀасадекъаделира.
25
Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21