bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 11
Judges 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 12 →
1
ГалӀадхойх схьаваьлла волу майра тӀемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалӀад цӀе йолчу стагах винера.
2
ГалӀадан зудчо цунна вина масех кӀант вара. Баккхий хиллачул тӀаьхьа Яптахь цӀа чуьра араваьккхира цара. Цара цуьнга элира: «Тхан да кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан хӀуманах хьуна хӀумма а ца догӀу, хьо кхечу зудчо вина волу дела».
3
Шен вежарех ведда, Яптахь ТӀоба олучу махка дӀавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.
4
Цхьа хан яьлча, Ӏамминхой тӀелетира исраилхошна.
5
Ӏамминхойн исраилхошца болу тӀом дӀаболабеллачул тӀаьхьа галӀадхойн къаной баьхкира Яптахь ТӀоба-махкара дӀавига.
6
Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тӀехь куьйгалхо а хилий, Ӏамминхошца тӀом байта вайга».
7
Амма Яптахьа галӀадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цӀа чуьра араваьккхира аша. Шайна тӀе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?»
8
ГалӀадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Ӏамминхошца ахьа тӀом баре а, ГалӀадахь дехаш мел долчу адамашна тӀехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу».
9
Яптахьа къаношка хаьттира: «Ӏамминхошца тӀом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?»
10
ГалӀадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!»
11
Яптахь ГалӀадарчу къаношца дӀавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дӀахӀоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицӀпахь юха а элира.
12
Яптахьа Ӏамминхойн паччахь волчу шен векалш бахийтира хабар эцна: «Вайна юкъа хӀун доьлла? Хьо тхан лаьтта тӀе тӀамца хӀунда веана?» — аьлла.
13
Ӏамминхойн паччахьо Яптахьан векалшка жоп делира: «Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь, цо Арнон-хина тӀера Ябокхний, Йорданний тӀекхаччалц сан латтанаш дӀалаьцна. Уьш машарца юхадерзаде суна».
14
Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Ӏамминхойн паччахь волчу дӀахьовсийра
15
цуьнга дӀаала: «Яптахьа иштта боху: „Исраилхоша я муабахойн а, я Ӏамминхойн а латтанаш схьа ца лаьцна,
16
хӀунда аьлча Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хӀорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира.
17
Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тӀе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тӀехула дӀадаха пурба лахьара ахьа’, — аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тӀе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тӀехула дӀадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера.
18
Цул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.
19
Исраилхоша шайн векалш бахийтира Хьешбон-гӀалара эмархойн паччахь волчу Сихьонна тӀе. Векалша Сихьоне элира: ‘Исраилан халкъ хьайн лаьтта тӀехула дӀадахийтахьара ахьа. Тхо тхайн лаьтта тӀе дӀадаха дохкура’.
20
Амма Сихьона исраилхошна шен лаьтта тӀехула дӀадаха пурба ца делира. Иза, шен халкъ схьа а гулдина, ЯхӀацахь меттамотт дӀа а хӀоттийна, исраилхошца лата кечвелира.
21
Исраилан халкъан Везачу Дала Сихьон а, цуьнан къам а исраилхойн кара схьаделира. Эмархойн дерриг а латта исраилхойн дола делира.
22
Церан карахь дара Арнон-хина тӀера дуьйна Ябокх-хина тӀекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тӀекхаччалц а долу латта.
23
Исраилан халкъан Везачу Дала Шен Исраилан халкъана хьалхара эмархой дӀалаьхкина, ткъа хьо хӀинца и латта схьадаккха гӀерташ ву?
24
Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тӀехь!
25
Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгӀар хиллий цуьнан, я тӀом бина цо цаьрца?
26
Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бӀе шарахь даьхна, иштта ӀаруӀерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гӀаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хӀунда ца даьккхира аша и латта схьа?
27
Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тӀамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Ӏамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“».
28
Амма Яптахьа векалшкахула аьллачуьнга Ӏамминхойн паччахьо ла ца дуьйгӀира.
29
Яптахьна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалӀадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалӀадарчу МицӀпехула Ӏамминхойн махка тӀе кхечира.
30
Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Ӏамминхой Ахьа сан кара схьалахь,
31
со толамца цигара юхавирзинчул тӀаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагӀина дӀалур ду Аса, иза дага а деш».
32
Цул тӀаьхьа Яптахьа, Ӏамминхой болчу а вахана, цаьрца тӀом бира. Везачу Эло Ӏамминхой цуьнан кара дӀабелира.
33
Цо ӀаруӀера дуьйна Минит-гӀалина тӀекхаччалц а, цигара дӀа Абал-Кирамамна тӀекхаччалц а йолу ткъа гӀала йохийна дӀаяьккхира. Иза Ӏамминхошна тӀехь баьккхина боккха толам бара. ХӀетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара.
34
Яптахь МицӀпахь долчу шен цӀа юхавирзира. Цунна гира, жиргӀа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогӀуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоӀ. Цуьнан кхин я кӀант а, я йоӀ а дацара.
35
Шена дуьхьалйогӀуш йолу шен йоӀ гича, Яптахьа шена тӀера бедарш этӀийра, ша холчу хӀоттар дӀагойтуш. Цо элира: «Сан йоӀ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!»
36
Яптахье цуьнан йоӀа элира: «Сан да! Везачу Элана ахьа дош делла, цундела ахьа иза кхочушдан деза. Везачу Эло хьан мостагӀий болчу Ӏамминхошна бекхам ма байтина хьоьга!»
37
Цул тӀаьхьа цо шен дега элира: «Цхьа гӀуллакх дехьа ахьа сан дуьхьа: со шина баттана сайна луъучу дӀаяхийтахьа. Лаьмнашкахула лелаш, сайн доттагӀашца йоьлхур яра со цкъа а маре ца йоьдуш йисарна».
38
Цо шен йоӀе элира: «ГӀо хьайна». Шина баттана дӀаяхийтира цо иза. Шен доттагӀашца дӀа а яхана, цо и хан, ша цкъа а маре гӀург цахилар бахьана долуш, лаьмнашкахь йоьлхуш яьккхира.
39
Ши бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоӀ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дӀахӀоьттира,
40
хӀора шарахь массо а зударша диъ де галӀадхо волчу Яптахьан йоӀана боьлхуш даккхар.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21