bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 10
Judges 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 11 →
1
Абу-Малик веллачул тӀаьхьа кхин цхьаъ а гӀаьттира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тӀаьхьенах волу Додин кӀентан Пувин кӀант ТовлаӀ. ТовлаӀ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гӀалахь вехаш вара.
2
Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тӀаьхьа иза Шамир-гӀалахь дӀавоьллина.
3
ТовлаӀ веллачул тӀаьхьа ГалӀадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза.
4
Цуьнан ткъе итт кӀант вара. Уьш ткъе итт вир тӀехь лелаш бара. Церан ГалӀадан махкахь ткъе итт гӀала яра. Царах хӀинца а Яиран гӀаланаш олу.
5
Яир веллачул тӀаьхьа Кхамон-гӀалахь дӀавоьллира.
6
Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш.
7
Веза Эла оьгӀазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пӀелаштамхойн а, Ӏамминхойн а кара дӀабелира.
8
Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалӀадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхӀитта шарахь иза дацийра.
9
ТӀаьххьара а Ӏамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тӀамца ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тӀегӀоьртира. Дуккха а зенаш дира Ӏамминхоша Исраилан халкъана.
10
Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», — бохура цара.
11
Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а,
12
цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира.
13
Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац.
14
Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара».
15
Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо».
16
Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.
17
Ӏамминхой тӀом бан кечбеллера. ГалӀадан лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицӀпа-гӀала йолчохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.
18
ГалӀадхойн куьйгалхоша элира: «Ӏамминхошца дуьххьара тӀом болийнарг ГалӀадахь долчу массо а халкъана тӀехь хьаькам хилла дӀахӀуттур ву».
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21