bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 4
Judges 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 5 →
1
АхӀуд веллачул тӀаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира.
2
ТӀаккха Везачу Эло канаӀанхойн паччахьна Ябинна кара схьаделира Исраилан халкъ. Ябин Хьацорахь паччахьалла деш вара. Цуьнан тӀеман куьйгалхо вара Хьаршат-Гойимахь вехаш волу Сисра.
3
Сисрин эчигах йина исс бӀе гӀудалкх яра. Цо ткъа шарахь чӀогӀа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира.
4
Цу заманчохь Исраилан мехкан куьйгалхо яра шеца пайхамаралла долуш йолу Дебира. Иза Лапдатин зуда яра.
5
Иза Дебирин хурмин диттана кӀелахь охьахуура. И дитт Раминий, Бетал-гӀалиний юккъехь, Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ дара. Дебира йолчу исраилхой богӀура цуьнга шайна юкъахь кхел яйта.
6
Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуӀаман кӀант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тӀедуьллу: „Ваха а гӀой, Напталинний, Забуланний тӀаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тӀе дӀабига.
7
Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш а, эскар а, цига дӀа а далийна, хьан кара дӀалур ду“».
8
Баракха Дебирига элира: «Хьо соьца ягӀахь, со цига гӀур ву, ца ягӀахь, гӀур вац».
9
Дебирас цуьнга элира: «Со-м йогӀур ю хьоьца, амма хаалахь: Сисра эшийначул тӀаьхьа халкъо сий деш верг хьо хир вац хьуна. Везачу Эло зудчуьнга эшавойтур ву Сисра». Дебира Баракхца Кхедаш-гӀала дӀаяхара.
10
Баракха Забулан а, Напталан а тӀаьхьенах болу нах Кхедаше схьакхайкхира. Итт эзар стаг тӀаьхьахӀоьттира цунна. Дебира а яхара цуьнца.
11
Цигахь, Хьебар цӀе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дӀакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тӀаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаӀнаним цӀе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дӀахӀоттийнера.
12
Сисрина хиира, Аби-НуӀаман кӀант Баракх Табур цӀе йолчу лам тӀе ваьллийла.
13
Шен эчигах йина йолу исс бӀе гӀудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дӀахьажийра цо.
14
Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тӀера охьавоьссира.
15
Баракха туьраца беш болчу тӀамехь Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш тӀехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хӀун дан деза. Ткъа Сисра, гӀудалкха тӀера охьа а воьссина, гӀаш ведда дӀавахара.
16
Сисрин гӀудалкхашна а, эскарна а тӀаьхьавелира Баракх. Цара уьш Хьаршат-Гойиме кхаччалц, лаьхкина, дӀабигира, дийна цхьа а стаг ца вуьтуш.
17
Сисра Хьебаран зудчун ЯӀалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цӀа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Ӏаш дара.
18
ЯӀал Сисрина дуьхьал араелира. Цо цуьнга элира: «Чувола со йолчу, сан эла. Кхера а ца кхоьруш, чоьхьавала». Сисра цуьнан четар чу велира. ЯӀала цунна тӀе шаршу тесира.
19
Сисрас цуьнга элира: «Со чӀогӀа хьагвелла. Суна жимма хи лохьа». ЯӀала, шура чохь йолу пӀаьлдиг схьа а баьстина, цуьнга шура а малийтина, цунна юха а тӀе хӀума тесира.
20
Сисрас ЯӀале элира: «Четарна чувогӀийла долчу дӀа а хӀоттий, цхьаммо хьайга: „Кхузахь цхьа а стаг вуй?“ — аьлла, хаттар дахь, „Вац“ — алий, жоп лолахь».
21
ЧӀогӀа кӀадвелла волчу Сисрина наб кхийтира. ЯӀал, четар чӀагӀдеш тухуш йолу дечиган хьостам а, варзап а схьа а эцна, меллаша цунна тӀе яхара. Сисра лаьттах дӀа а тухуш, лергъагӀонна тӀе варзап а тоьхна, дечиган хьостам чекхбаьккхира цо. Иза велира.
22
Сисра лоьхуш лелаш волу Баракх ЯӀалан четарна тӀе кхечира. Цунна дуьхьал ара а яьлла, ЯӀала элира: «Чувола, аса гойтур ву хьуна ахьа лоьхуш верг». Баракх чоьхьаваьлча, цунна гира, лергъагӀонах боллуш хьокха а болуш, велла Ӏуьллуш волу Сисра.
23
Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхахь эшийра канаӀанхойн паччахь волу Ябин.
24
Исраилан халкъ де дийне мел дели а ницкъ алсамболуш лаьтташ дара, цара Ябин хӀаллаквина дӀаваккхалц.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21