bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Judges 2
Judges 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 3 →
1
Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваӀда динчу лаьтта тӀе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац.
2
Ткъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза?
3
Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“».
4
Везачу Элан Малико шайга аьлла долу дешнаш дӀахезча, Исраилан халкъ доьлхуш дӀахӀоьттира.
5
Цундела ю цу меттиган цӀе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагӀанаш дехира.
6
ЮшаӀа исраилхой дӀасабахийтира. ХӀора исраилхо шен-шен доьзалан латта доладаккха дӀавахара.
7
ЮшаӀ дийна мел ву, Везачу Элана гӀуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гӀуллакх деш схьабаьхкира уьш.
8
Везачу Элан лай волу Нунин кӀант ЮшаӀ дӀакхелхира шен бӀе итт шо долчу хенахь.
9
Исраилан халкъо иза шен лаьтта тӀехь Тамнат-Хьарасехь дӀавоьллира. Иза яра Эпрайман лаьмнаш долчохь болчу ГаӀаш-ломана къилбаседехьара йолу меттиг.
10
И массо а тӀаьхье дӀаяьлча, царах схьабевлла нах тӀекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гӀуллакх а ца хаьара.
11
ТӀаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаӀал-деланашна Ӏамал а еш.
12
Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира.
13
Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира.
14
Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира.
15
Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.
16
Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора.
17
Амма халкъо цаьрга а ла ца дугӀура. Кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дӀакхехьначу некъа тӀера сихха дӀадаьллера адам.
18
Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кӀелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах.
19
Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чӀогӀа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чӀогӀа юхахьадаьлла, шаьш дӀахьош болчу харцнекъана тӀера дала лууш дацара.
20
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо элира: «И халкъ, Аса шайн дайшца бина болу барт бохош, схьадогӀуш ду, цо Соьга ла ца дугӀу.
21
ЮшаӀ веллачул тӀаьхьа цо кхузахь тӀаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хӀинцачул тӀаьхьа дӀакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш.
22
Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тӀехула дӀадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара».
23
Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дӀа ца лохкуш, ЮшаӀан кара а ца дахийтира.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21