bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 1
Matthew 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 2 →
1
ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла.
2
ИбрахӀим Исхьакхан да хилла, Исхьакх — Якъубан да, Якъуб — ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,
3
ЯхӀуд — Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани — Раман да.
4
Рам Ӏамминадабан да хилла, Ӏамминадаб — Нахьшонан да, Нахьшон — Салманан да,
5
Салман — БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла. БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла. Ӏабади Юшайн да хилла,
6
Юшай — Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла.
7
Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла, РахьбуӀам — Аби-ЯхӀун да, Аби-ЯхӀу — Асин да,
8
Аса — ЯхӀушаптин да, ЯхӀушапти — Йораман да, Йорам — Ӏузи-ЯхӀун да,
9
Ӏузи-ЯхӀу — Йовтаман да, Йовтам — Ахьазан да, Ахьаз — Хьузакх-ЯхӀун да,
10
Хьузакх-ЯхӀу — Маннашан да, Маннаш — Аминан да, Амин — Юши-ЯхӀун да,
11
Юши-ЯхӀу — Яхун-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дӀадигна хилла.
12
Бавел-махкара цӀа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхӀу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла,
13
Зурбабел — Авадин да хилла, Авади — Элъякъиман да, Элъякъим — Узаран да,
14
Узар — ЦӀадукъин да, ЦӀадукъа — Ахьмин да, Ахьма — Аладин да,
15
Алади — ЭлиӀазаран да, ЭлиӀазар — МатӀанин да, МатӀани — Якъубан да,
16
Якъуб — Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.
17
ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц — ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.
18
Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар.
19
Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла.
20
Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.
21
Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».
22
И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:
23
«ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву, Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ — бохург ду».
24
Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра.
25
Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28