bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 6
Matthew 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 7 →
1
«Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна.
2
Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна.
3
Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг,
4
айхьа лун сагӀа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».
5
«Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна.
6
Ткъа ахьа хьайн доӀа дечу хенахь, хьайн цӀа чу а валий, чӀоггӀа неӀ тӀе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доӀа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггӀу мах хадор бу хьан.
7
Ткъа айхьа доӀа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дӀахезар ду Далла.
8
Царах дӀа ма тарло, хӀунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хӀун оьшу.
9
Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цӀе сийлахь хуьлда!
10
Хьан Олалла тӀекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла.
11
Тахана даъал напха лохьа тхуна!
12
Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра.
13
Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.
14
Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч.
15
Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтӀера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтӀера».
16
«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна.
17
Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела,
18
нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».
19
«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хӀаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дӀахьур ду.
20
Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хӀаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дӀа а хьур дац.
21
Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду.
22
Стеган бӀаьрг цуьнан дегӀан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бӀаьрг цӀена белахь, хьан дерриге а дегӀ серлонах дуьзна хир ду.
23
Амма хьан бӀаьргаш цӀена бацахь, хьан дерриг дегӀ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода!
24
Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний — Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».
25
«Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду.
26
Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша?
27
Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша?
28
Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу.
29
Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.
30
Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш.
31
Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“ — бохуш, шайн са ма гатде.
32
Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.
33
Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.
34
Кханенна сагатдеш ойла ма е — цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28