bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 13
Matthew 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 14 →
1
Цу дийнахь Ӏийса, цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏоман йисте охьахиира.
2
Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хӀордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира.
3
Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.
4
Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.
5
Важа буьртигаш, жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара.
6
Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира.
7
Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира.
8
Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бӀе, кхузткъа, ткъе уьттазза дӀадийначул сов а луш.
9
Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
10
Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»
11
Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.
12
ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.
13
Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца го дела а, ладугӀуш боллушехь, хӀумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а.
14
Царна тӀехь Ешаъ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугӀур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
15
Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бӀаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кӀеда а хир дара, уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара, Аса уьш то а бийр бара!“
16
Ткъа шу декъалдина ду, хӀунда аьлча шун бӀаьргашна го, лергашна хеза.
17
Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
18
«Ткъа хӀинца ладогӀал хӀу дӀадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьӀне.
19
Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тӀедогӀу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХӀара ду некъан йисте охьаэгна долчу хӀуьнан маьӀна.
20
ТӀулгийн жагӀанна юккъе доьжна долчу хӀуьнан маьӀна, хӀора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тӀеоьцуш волу стаг ву.
21
Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.
22
Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду.
23
Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хӀу — шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бӀозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дӀадийначул сов хӀу ло».
24
Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Ӏийсас ладугӀуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тӀехь дика хӀу дӀадийнера.
25
Ткъа иза шен ялхошца вижина Ӏуьллучу хенахь кхуьнан мостагӀа веана. Иза, кӀена юккъе асаран буц а йийна, дӀавахана.
26
КӀа, тӀе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла.
27
Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хӀу дӀа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кӀена юккъе?“
28
Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагӀчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гӀой, схьаяккхий и буц?“
29
„ХӀан-хӀа, — элира хьоладас. — Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кӀен кенаш схьадохийла.
30
Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».
31
Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дӀадийначу уггар жимачу хӀух тера ду.
32
Иза кхечу хӀун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тӀе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш».
33
Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Ӏийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
34
И шадерг а Ӏийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна.
35
Цу тӀехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».
36
Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».
37
Ӏийсас цаьрга элира: «Дика хӀу дӀадийнарг — Иза Адамийн КӀант ву.
38
Ткъа аре — иза дуьне ду. Дика хӀу — Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агӀонгара нах бу.
39
И асаран буц дӀайийна волу мостагӀа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан — иза дуьненан тӀаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу.
40
Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь.
41
Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,
42
уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду.
43
Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хӀара дӀахезийла».
44
«Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.
45
Стигалийн Олалла мехала жовхӀарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду.
46
Шена къаьсттина мехала долу жовхӀар карийча, цо ша да мел волу хӀума дӀа а духкий, иза шен дола доккху.
47
Кхин а Стигалийн Олалла Ӏам чу чӀерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чӀерий лелха.
48
Бой юьзначул тӀаьхьа, чӀерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тӀаьхьа цара, охьа а ховший, дика чӀерий дӀахоржу, ткъа вуьш дӀакхуьссу.
49
Иштта хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дӀа а къастийна,
50
йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».
51
Ӏийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?» Цара жоп делира: «Кхета».
52
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Цундела хӀора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Ӏелам стаг цхьана хӀусамдех тера ву, дӀайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цӀена а хӀуманаш дӀалуш волчу».
53
Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара.
54
Ша кхиинчу гӀала а веана, церан гуламан цӀа чохь нах Ӏамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хӀуманаш лело ницкъ?
55
Дечиган пхьеран кӀант вац Иза? Цуьнан ненан цӀе Марем яц? Ткъа вежарийн цӀераш Якъуб, Юша, ШамӀа, ЯхӀуд бохуш яц?
56
Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?»
57
Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».
58
Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кӀезиг долу дела.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28