bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 12
Matthew 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 13 →
1
СадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла.
2
И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».
3
Ӏийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша?
4
Цо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла.
5
Товрат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а?
6
Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву.
7
Делан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“ — бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара.
8
Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».
9
Цул тӀаьхьа цигара дӀа а ваьлла, церан гуламан цӀа чу вахара Ӏийса.
10
Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?»
11
Ӏийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а?
12
Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду».
13
Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира.
14
Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.
15
Иза хууш волу Ӏийса цигара дӀавахара. Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. Цо цомгуш мел верг товира.
16
ХӀора Ша то мел винчу стагана Ӏийсас тӀедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла.
17
Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:
18
«ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе, Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!
19
ХӀара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.
20
Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо, дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц, Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц.
21
Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!»
22
ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира.
23
Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КӀант-м вац теша Иза?»
24
Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца».
25
Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац.
26
Нагахь санна жин жино дӀалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла?
27
Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шуна тӀаьхьахӀоьттинчара хьенан гӀоьнца лохку уьш дӀа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел.
28
Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар.
29
Шел ницкъ болуш волчу стеган цӀа чуьра хӀума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дӀавихкина бен? Цул тӀаьхьа бен далур дуй къола?
30
Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасакхуьйсуш ву.
31
Цундела боху шуьга: хӀора латийначу къина, динчу Ӏесачу къамелана стаг дохковаьллачул тӀаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
32
Адамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а.
33
Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХӀора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу.
34
Шу, лаьхьанийн тӀаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тӀехь ма хуьлу.
35
Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту.
36
Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хӀора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а.
37
ХӀунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю».
38
Цхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!»
39
Амма Ӏийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тӀаьхье! Тамашийна гӀуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.
40
Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.
41
Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву.
42
Цу тӀаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахье ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
43
«Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош.
44
ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна.
45
ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».
46
Нахаца Ӏийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш.
47
Цхьаммо Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь».
48
Иза аьллачуьнга Ӏийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?»
49
Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХӀорш бу Сан нана а, вежарий а!
50
Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28