bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 26
Matthew 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 27 →
1
Ша къамел дина ваьллачул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира:
2
«Шуна хууш ду ши де даьллачул тӀаьхьа „Пасахь“ олу деза де тӀекхочуш дуйла а, Адамийн КӀант жӀарах дӀатоха дӀалур вуйла а».
3
ТӀаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цӀе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира.
4
Цара барт бира Ӏийса хӀилланца схьалаца а, вен а.
5
Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта».
6
Ӏийса Бет-ХӀинехь чкъураца ца йоьрзу цамгар хилла йолчу ШамӀин хӀусамехь волчу хенахь,
7
Цунна тӀееара, мехала кхаба карахь а йолуш, цхьа зуда. Иза шен кхаби чуьра хаза хьожа йогӀу, механа чӀогӀа деза долу даьтта хиъна Ӏаш волчу Ӏийсана коьрта тӀе дитта йолаелира.
8
И сурт шайна гича, Ӏийсан мурдаш резабоцуш хьаьвзира. Цара элира: «Муха лелор ду цу тайпана кхоам боцуш долу хӀума?
9
Безачу мехах и даьтта дӀа а доьхкина, цунах схьаэцна долу ахча мискачу нахана дӀадала мегар ма дара».
10
Ӏийсас, Шена и къамел хезча, элира: «Эхь стенна хоьтуьйту аша цу зудчунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду.
11
Миска нах шуна юххехь гуттар а хир бу, ткъа Со даим хир вац шуьца.
12
Сан дегӀа тӀе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дӀаволла хьалххе кечам беш ю.
13
Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
14
Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхӀуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана,
15
элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.
16
ХӀеттахь дуьйна ЯхӀуд-Искархо Ӏийса цаьрга дӀавала аьтто лаха волавелира.
17
Совсазчу баьпкан дезачу денойн хьалхарчу дийнахь Ӏийса волчу баьхкира Цуьнан мурдаш. Цара элира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
18
Цо элира: «ГӀалахь Ӏаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гӀой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тӀекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хӀусамехь даздийр ду’“».
19
Цара, дӀа а бахана, Цо тӀедиллинарг кхочушдира, тӀаккха Пасахьан пхьор кечдира.
20
Суьйре тӀекхаьчча, Ӏийса Шен шийтта мурдаца хӀума яа охьахиира.
21
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса баккъалла а боху шуьга: шух цхьаммо Суна ямартло йийр ю».
22
ЧӀогӀа халахетарца уьш Цуьнга баха буьйлабелира: «Эла, со-м хир ма вац иза!»
23
Церан хаттарна жоп луш, Цо элира: «Соьца хӀокху кеда чу куьг кховдийначо Суна тешнабехк бийр бу.
24
Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву. Амма декъаза ву Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
25
Тешнабехк бан кечвелла волчу ЯхӀуд-Искархочо элира: «Хьуна иза со ву-м ма ца моьтту, Устаз!» Ӏийсас цунна жоп делира: «Иза ахьа боху!»
26
Цара хӀума юучу хенахь Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «ДӀаэца, даа, иза Сан дегӀ ду шуна!»
27
Цул тӀаьхьа кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, цаьрга дӀакховдийра: «ДӀамала массара а,
28
иза Сан цӀий ду шуна, Делаца бина барт чӀагӀбеш долу, дуккха а нах къинойх цӀанбархьама Ӏенар долу!
29
Амма Аса боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Сан Дас дӀахӀоттийначу Олаллехь керла малар шуьца молу де тӀекхаччалц», — аьлла.
30
ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
31
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дӀатосур ву, яздина ма-хиллара: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, тӀаккха жа юкъара уьстагӀий шаьш дӀасадовдур ду“.
32
Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
33
ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Массара а дӀатесча а, аса-м дӀатосур вац Хьо».
34
Ӏийсас цуьнга элира: «Аса баккъалла а боху хьоьга: тховса нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».
35
ТӀаккха Кипас Цуьнга элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.
36
Ӏийса Шен мурдашца Гатшамани цӀе йолчу метте веара. Цо цаьрга элира: «Кхузахь ховший Ӏе, Аса, хьуьлла а вахана, доӀа дечу юкъана».
37
Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кӀант а вигира. ЧӀогӀа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза.
38
Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха».
39
Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доӀа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тӀехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла».
40
Шен мурдаш болчу тӀевахча, уьш наб кхетта гира Цунна. Кипига Цо элира: «ХӀун до аша? Цхьана сахьтехь мукъана а Соьца сема хила ца мегара шу?
41
Сема а хилалаш, доӀа деш а хилалаш, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема ду, ткъа дилха эгӀаза ду».
42
Юха а, дӀанехьа а ваьлла, Иза доӀа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тӀехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!»
43
Юхавеача, кхин цкъа бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера.
44
КхозлагӀа а, дӀанехьа а ваьлла, доӀа дан хӀоьттира Иза, изза дешнаш а олуш.
45
Шен мурдаш болчу тӀе а веана, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу хӀинца а, наб еш, садоӀуш ду? ЛадогӀа Соьга: Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна.
46
Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
47
Ӏийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхӀуд. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла.
48
Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Аса барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, — аьлла, — Иза схьалаца».
49
Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Маршалла ду Хьоьга, Устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.
50
Ӏийсас цуьнга элира: «Къонах, айхьа кхуза деана долу гӀуллакх кхочушде». Цара Ӏийса, тӀекхетта, схьалецира.
51
Кхуьнца хилла волчу цхьаммо, тур хьала а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочун лерг, тоьхна, тӀерадаьккхира.
52
Ӏийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хӀунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу.
53
Сайн Дега орца ца даккхалуш ву-м ца моьтту хьуна Со? Аса Шега хаам бинчу сахьтехь Цо маликийн шийтта сов эскар Суна гӀоьнна доуьйтур дац моьтту хьуна?
54
Делан Йозанаш тӀехь и шадерг иштта хила деза бохург кхочуш муха хир ду ткъа?»
55
Цу хенахь Ӏийсас гулбеллачаьрга элира: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со лаца. ХӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь Ӏаш ма вара шуна Со, хьехамаш беш, амма цу хенахь аша Со схьа ца лецира.
56
Ткъа и шадерг хилла пайхамарша яздинарш кхочушхилийтархьама». ТӀаккха Цуьнан берриг а мурдаш, Иза ша волччохь а витина, бевдда дӀабахара.
57
Ӏийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дӀавигира. Кхузахь гулбелла бара Ӏелам нах а, къаной а.
58
Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керт йолчу схьавеара Кипа. Чу а ваьлла, гӀаролхошца цхьаьна охьахиира, кхин дӀа хӀун хир ду хьожуш.
59
Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара.
60
Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тӀевеара.
61
Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цӀа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дӀахӀотталур дара“».
62
ТӀаккха динан коьртачу дас, хьала а гӀаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?»
63
Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?»
64
Ӏийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хӀинца дуьйна схьа Адамийн КӀант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а».
65
ТӀаккха динан коьртачу дас, шена тӀера бедарш а этӀош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хӀун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш?
66
ХӀун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!»
67
Цхьаболчара юьхь тӀе туйнаш детташ, вукхара буйнаш детташ, бетах тӀара детташ,
68
мохь хьоькхура: «Хьо пайхамар велахь, алал, „Дала леррина Къобалвинарг“, муьлхачо туьйхира Хьуна?»
69
Кипа цу хенахь кертахь Ӏаш вара. Цунна тӀе а еана, цхьана зуда-ялхочо элира: «Хьо а ма вара Галилайра волчу Ӏийсаца».
70
Амма цо иза даре ца дира: «Суна ца хаьа, ахьа хӀун боху».
71
Иза кевнах араволучу хенахь вукху зудчо элира: «И стаг Назартарчу Ӏийсаца вара».
72
Кипас юха а, дуй бууш, элира: «Суна и стаг ца вевза».
73
Дукха хан ялале кхунна тӀебаьхкира кхин а нах. Цара Кипига элира: «Хьо баккъалла а ву-кх царах, хӀунда аьлча хьан къамело цунах тоьшалла до».
74
Кипа юха а, дуйнаш а дууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Суна и стаг ца вевза». Эццахь нӀаьна кхайкхира.
75
ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас аьлларг: «НӀаьна кхайкхале, ахьа кхузза Со дӀатосур ву». Иза, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28