bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 10
Matthew 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 11 →
1
Ӏийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дӀалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а.
2
Цу шийтта мурдан цӀераш яра: дуьххьарлераниг — ШамӀа, Кипа аьлла цӀе тиллина волу. Цуьнан ваша Ӏандар, Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя,
3
Пилап, Барталамай, ТӀама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада,
4
ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьо Ӏийсана ямартло йина волу.
5
Ӏийсас, Шен шийтта мурд дӀахьажош, царна тӀедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гӀаланашна чу ма гӀолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тӀе а ма гӀолаш.
6
Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо,
7
кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“.
8
Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало.
9
Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цӀаста а схьа ма эца.
10
Шаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца.
11
Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц.
12
Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта.
13
Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла.
14
Шаьш тӀе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугӀуш йолчу хӀусамера я гӀалара дӀагӀо, шайн когаш тӀера чан охьа а егош.
15
Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гӀалара хьал Седамеххьий, Ӏамор-гӀалаххьий чул инзаре хир ду».
16
«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагӀий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хӀума доцуш а хилалаш.
17
Нахах ларлолаш, цара кхеле дӀалур ду шу, шайн гуламан цӀенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна.
18
Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела.
19
Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза.
20
Дагахь латтаделаш шайна иза, хӀунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш.
21
Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу.
22
Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.
23
Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».
24
«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац.
25
Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дӀатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дӀатарлахь. Нагахь санна хӀусаман дена БаӀал-Зебула цӀе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цӀе йоккхур ю.
26
Цундела царах ма кхера, хӀунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.
27
Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цӀийнан тхов тӀе а довлий, мохь туххуш дийца.
28
Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах.
29
Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен.
30
Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна!
31
Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!
32
Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву.
33
Амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха».
34
«Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана.
35
Со веана „кӀант дена дуьхьал ваккха, йоӀ — нанна дуьхьал, нус — марнанна дуьхьал яккха.
36
Шен цӀа чохь берш хир бу стагана мостагӀий“.
37
Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоӀ я кӀант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.
38
Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьа ца хӀоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац.
39
Шен са Ӏалашдан гӀоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дӀаделлачунна иза карор ду.
40
Шу тӀеоьцуш волчо Со а тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу.
41
Пайхамар пайхамаран дуьхьа тӀеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тӀеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю.
42
Царах лахара волчунна а гӀо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28