bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 25
Matthew 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 26 →
1
«Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана.
2
Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла.
3
Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла.
4
Хьекъал долуш долчу хӀора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна.
5
Зуда ялош верг, схьа ца вогӀуш, хьевелла. ТӀегӀоьртинчу набарна зудабераш дӀатийна.
6
Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХӀей, зуда ялош верг вогӀуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгӀо!“
7
Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна.
8
Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дӀабовш бу“, — бохуш.
9
Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“.
10
Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неӀ дӀакъовлаелла.
11
ТӀаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеӀ дӀаеллахьа тхуна!“
12
Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“
13
Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».
14
«Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна.
15
Цо шен ялхошна, хӀораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агӀор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгӀачунна цхьа гали деши делла. ТӀаккха иза новкъа ваьлла.
16
Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гӀуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина.
17
Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тӀедаьккхина.
18
Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дӀалачкъийна.
19
Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хӀун дира аша шен ахчанах аьлла.
20
Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тӀе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тӀедаьккхина“.
21
Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
22
Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“.
23
Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.
24
ТӀе а веана, хӀокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дӀа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Ӏанийначуьра схьагулдо.
25
Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“.
26
Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой.
27
Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дӀадала дезаш ма вара. ТӀаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тӀеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара.
28
Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дӀало.
29
ХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху.
30
Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».
31
«Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе.
32
ТӀаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаӀуьно уьстагӀий гезарех санна, дӀасакъастор ду.
33
УьстагӀий Цо Шена аьтту агӀор дохур ду, гезарий — аьрру агӀор.
34
Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду,
35
хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира.
36
Со тӀехь беркъа волчу хенахь аша Суна тӀеюха хӀума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тӀаьхьадаьхкира“.
37
ТӀаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хӀума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи?
38
Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тӀе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тӀе хӀума?
39
Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тӀаьхьа?“
40
Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.
41
ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг.
42
ХӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хӀума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира.
43
Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“.
44
ТӀаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТӀехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Ӏийна Хьан гӀуллакх ца деш?“
45
ТӀаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гӀо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гӀо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“.
46
ТӀаккха уьш цкъа а хедар доцучу таӀзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28