bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 17
Matthew 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 18 →
1
Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира.
2
Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра.
3
ЦӀеххьана церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.
4
Кипас Ӏийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хӀоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагӀниг Эли-ЯхӀуний».
5
Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»
6
И аз шайна хезча, мурдаш, чӀогӀа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира.
7
Ӏийсас, царна тӀе а веана, царах куьг а Ӏоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагӀовтта!»
8
Кортош хьалаайича, Ӏийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна.
9
Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!»
10
ТӀаккха Ӏийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»
11
Ӏийсас жоп делира: «ХӀаъ, Эли-ЯхӀус, ван а веана, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀоттор ду.
12
Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхӀу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КӀанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш».
13
ТӀаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла.
14
Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира:
15
«Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу.
16
Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира».
17
Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!»
18
Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира.
19
Ӏийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тӀе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?»
20
Цо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“ аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара».
21
***
22
Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант нехан кара дӀалур ву.
23
Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чӀогӀа гӀайгӀане ийгира.
24
Уьш Ӏийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тӀебаьхкира Делан цӀенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цӀенна гӀуллакхна ял лой?»
25
Кипас жоп делира: «Ло!» Иза а аьлла, Кипа цӀа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамӀа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?»
26
Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делахь хӀета церан бахархой, ял ца луш, кӀелхьарбовлу-кх.
27
Амма кхузара Ӏедалехь болу нах оьгӀаз ца бахийта, ваха а гӀой, чӀерий лоцу мӀара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чӀеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тӀера ял дӀало».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28