bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 23
Matthew 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 24 →
1
ТӀаккха Ӏийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира.
2
Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето.
3
Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хӀунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гӀуллакхаш дан а ца до.
4
Цара чӀогӀа хала парзаш хӀиттадо. Уьш кхочушдан чӀогӀа хала ду. И парзаш нахана тӀе а дехкина, уьш цаьрга дӀакхехьийта гӀерта. Ткъа шаьш пӀелг меттахбаьккхина а хӀума дан лууш бац.
5
Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.
6
Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цӀенош чохь а.
7
Царна лаьа базаран майданахь шайга чӀогӀа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цӀе яккхийта а.
8
Амма аша шайн цӀе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хӀунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду.
9
Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цӀе ма яккха, хӀунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза — Стигалахь Верг ву.
10
Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цӀе ма яккхийта, хӀунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву — Дала леррина Къобалвинарг.
11
Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла.
12
Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву.
13
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.
14
***
15
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХӀордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дӀахӀоттаво аша.
16
Къа ду шун, шаьш бӀаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цӀийнах дуй биъча, хӀумма а дац, амма Делан цӀа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“.
17
БӀаьрзе, сонта нах! ХӀун ду деза — деши ду, я Делан цӀа ду, и деши даздеш долу?
18
Аша боху: „СагӀа доккхучу кхерчах дуй биъча, хӀумма а дац. Амма цу кхерча тӀехь Ӏуьллучу сагӀанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“
19
БӀаьрзе нах! ХӀун ду деза — сагӀина еана хӀума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хӀума язъеш болу?
20
Цу кхерчах дуй буучо цу тӀе охьайиллинчу хӀуманах а боу дуй.
21
Делан цӀийнах дуй буучо Делан цӀийнах а, цу чохь Ӏаш Волчух а боу дуй.
22
Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гӀантах а, цу гӀанта тӀехь Волчух а дуй боу.
23
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Ӏаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгӀа дакъа аша сагӀина дӀало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чӀогӀа лоруш дерш — нийсо, къинхетам, тешаме хилар — шуна дицделла. Хьо цхьа хӀуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза.
24
БӀаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дӀайоккху аша, амма эмкал дӀакхоллу.
25
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тӀехулара дикка цӀандо, амма чухулара уьш бӀаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хӀуманах дуьзна ду.
26
БӀаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цӀанде, уьш тӀера а, чуьра а цӀена хилийта.
27
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТӀехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьӀахкаш, дахкаделла долу дилха а ду.
28
Шу шаьш а, тӀехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду.
29
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо.
30
Аша олу: „Тхо тхешан ворхӀе а да Ӏийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цӀий Ӏанор дацара“.
31
Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тӀаьхьенах хилар чӀагӀ а деш.
32
Шайн дайша лелийнарг кхин а тӀехдаккха!
33
Лаьхьанийн тӀаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу?
34
Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Ӏелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жӀарах дӀатуху, вуьш, шун гуламан цӀенош чохь етташ, цхьана гӀалара вукху гӀала лоьхкуш лелабо.
35
Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.
36
Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хӀокху тӀаьхьено».
37
«Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
38
ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду.
39
Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28