bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 20
Matthew 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 21 →
1
«ХӀунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Ӏуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг.
2
Цхьа динари ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дӀахьажийна.
3
Ӏуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тӀехволуш, цунна гина цхьа а хӀума а ца деш лаьтташ волу масех стаг.
4
Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дӀалур бу“.
5
Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина.
6
Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“
7
Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.
8
Суьйре тӀекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тӀехьажа хӀоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дӀало — тӀаьхьара болчарна тӀера дӀадоладай, хьалхарчарна тӀекхаччалц“.
9
Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла.
10
Хьалха цо тӀелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари.
11
Ахча схьаэцначул тӀаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла.
12
Цара бохуш хилла: „Уггар тӀаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дӀанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“.
13
Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХӀей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла.
14
Хьайна догӀуш долу ахча дӀа а эций, дӀагӀо хьайн новкъа. Ткъа суна тӀаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа.
15
Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагӀ?“
16
Иштта тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тӀаьхьара хир бу».
17
Ярушалайме боьдучу новкъахь Ӏийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира:
18
«ЛадогӀа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КӀант динан коьртачу дайшкий, Ӏеламчу нахей дӀалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю.
19
ТӀаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дӀалур ву. Цара Иза жӀарах дӀатухур ву. КхозлагӀчу дийнахь Иза денвийр ву».
20
Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза.
21
Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чӀагӀо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хӀара сан ши кӀант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор охьахаавехьа».
22
Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», — элира цара.
23
Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаар — иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».
24
Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна.
25
Амма Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тӀехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а.
26
Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза.
27
Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза.
28
Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
29
Ӏийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гӀалара дӀабоьлхучу хенахь, царна тӀаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра.
30
Некъа йистехь хиъна Ӏаш волу бӀаьрзе ши стаг, Ӏийса уллохула тӀехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КӀант!»
31
Тобанна юкъара нах, гӀовгӀа ма е а бохуш, вуьш чехо хӀоьттича, цара кхин а чӀогӀа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КӀант! Къинхетам бехьа тхох!» — аьлла.
32
ТӀаккха Ӏийсас, саца а сецна, уьш Шена тӀекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хӀун дойла лаьара шуна?»
33
Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бӀаьргаш схьаделладала лаьара».
34
Царах къа а хетта, Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Церан бӀаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тӀаьхьахӀоьттира.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28