bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 8
Matthew 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 9 →
1
Ӏийса ламанан басера охьавоьссича, Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира.
2
Цунна тӀе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Ӏийсана хьалха гора а хӀоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
3
Куьг дӀа а кховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира.
4
«ХӀокху хӀуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, тӀаккха Далла лерина сагӀина хӀума ло, Муса-пайхамаро вайна тӀе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
5
Ӏийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тӀевеара римхойн тӀемалойн хьаькам. Цо гӀо дийхира Ӏийсага:
6
«Эла! ЦӀахь, энаша дӀа а лаьцна, чӀогӀа могуш воцуш Ӏуьллуш ялхо ву-кх сан».
7
Ткъа Ӏийсас элира: «ДӀа а веана, Аса товийр ву иза».
8
ТӀемалойн хьаькамо элира Цуьнга: «Эла! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. Ахьа омра дича, сан ялхо толур вара.
9
Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».
10
Ӏийсана и къамел хезча, Цо цецваларца Шена тӀаьхьахӀоьттинчаьрга элира: «Ас билггал боху шуьга, цу тайпана Делах тешар Суна исраилхошна юкъахь а ца карийна.
11
Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахӀимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дӀалоцур ю.
12
Ткъа Шаьш Делан Олалле тӀекхаьчна хеттарш-м Ӏаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
13
Ӏийсас тӀеман хьаькаме элира: «Вало, дӀагӀо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира.
14
Кипа волчу Ӏийса веача, Цунна гира, хӀусамден стуннана, чӀогӀа дгар а долуш, цомгуш Ӏуьллуш.
15
Иза, куьг дӀа а кховдийна, цуьнан куьйгах дӀаӀоттавелира. Дгар дӀа а даьлла, хьала а гӀаьттина, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
16
Суьйранна Ӏийсана тӀебалийра жинаша хьийзош болу нах. Ӏийсас Шен дашаца жинаш дӀалелхийра, кхиболу цомгуш берш туо а бира.
17
Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлларг: «Вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна, Цо вайн цамгарш дӀаяьхьира».
18
Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Ӏоман дехьарчу берда тӀе довла элира Ӏийсас.
19
Цхьа Ӏелам стаг, Кхунна тӀе а веана, вистхилира: «Сан Устаз, со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
20
Ӏийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц».
21
Ткъа вукху мурдо Кхуьнга элира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла».
22
Амма Ӏийсас цуьнга элира: «ТӀаьхьахӀотта Суна, белларш беллачарна бита».
23
Иза хинкеманна чу хиича, мурдаш Цунна тӀаьххье чухевшира.
24
ХӀорд чӀогӀа ловзабелира, яккхийчу тулгӀенаша хӀордкема дӀасакхуьйсура. Амма Ӏийса вижначуьра меттах ца волура.
25
ТӀаккха, тӀе а бахана, Кхуьнан мурдаша Иза самаваьккхира. Цара элира: «Эла! КӀелхьардахахьа вай! Ӏожалла улло кхаьчна-кх вайна!»
26
Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кӀезиг тешарш?» Хьала а гӀаьттина, Цо мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.
27
Наха цецбовларца бохура: «Мила ву техьа Иза, мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
28
Ӏийса гадархой болчу кхаьчча, нах дӀабоьхкинчу хьеха чуьра аравелира жинаша хьийзош волу ши стаг. Уьш чӀогӀа дера хилар бахьана долуш, цу новкъахула цхьа а стаг лела ваьхьаш вацара.
29
Цара мохь хьоькхура: «ХӀун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КӀант? Тхан хан тӀекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» — бохуш.
30
Генахь боццуш бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара.
31
Жинаша Ӏийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», — бохуш.
32
Цо элира: «ДӀагӀо!» Нахана чуьра ара а девлла, жинаш хьакхарчийн кийранашка дӀахьаьвдира. Цу сахьтехь хьакхарчийн бажа лекхачу берда тӀера Ӏам чу кхоссабелира, цу юкъахь мел йолу хьакха хи буха а йоьдуш.
33
Ткъа хьакхарчийн Ӏуй цу меттера бевдира. ГӀала дӀа а бахана, цара хьакхарчашна хилларг а, жинаша хьийзош болчу нахана хилларг а массарна дӀадийцира.
34
Цу гӀалахь мел долу адам Ӏийсага хьажа араделира. Иза шайна гиначул тӀаьхьа цара Цуьнга дехар дира, цигара дӀагӀо аьлла.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28