bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Matthew 21
Matthew 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 22 →
1
Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира,
2
хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла.
3
Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».
4
И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама:
5
«ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»
6
Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира.
7
Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира.
8
Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тӀе охьадохкура.
9
Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»
10
Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»
11
Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», — аьлла.
12
Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра.
13
Цо элира: «Яздина ду: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
14
Делан цӀийнан кертахь волчу Цунна тӀеэха буьйлабелира бӀаьрзенаш, астагӀнаш. Цо уьш тобира.
15
Динан коьртачу дайшний, Ӏеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хӀуманаш гича а, Делан цӀийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КӀантана!» — бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира.
16
Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?»
17
Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Бет-ХӀине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо.
18
Ӏуьйранна гӀала юхавогӀучу хенахь Ӏийса мацвеллера.
19
Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тӀевахара. Амма цунна тӀехь, гӀаш доцург, цхьа а стом бацара. ТӀаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тӀе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дӀахӀоьттира.
20
И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?»
21
Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, — алахь, иза а кхочуш хир ду.
22
Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».
23
Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
24
Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а.
25
Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ — аьлла.
26
Амма нагахь: „Адамашкара яра“, — алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву».
27
Ӏийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», — аьлла. ТӀаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
28
«Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кӀант хилла. Цо, хьалхарчунна тӀе а вахана, элира: „КӀант, тахана ваха а гӀой, сан кемсийн бешахь болх бе“.
29
КӀанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тӀаьхьа метта а веана, болх бан вахара.
30
ТӀаккха дас, важа кӀант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгӀачу кӀанта жоп делира: „ГӀур ву“. Амма иза болх бан ца вахара.
31
Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тӀелоцуш бу.
32
ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».
33
«ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.
34
Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца.
35
Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина.
36
ТӀаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гӀиллакх“ хӀоттийна кемсашлелорхоша.
37
Эххар а цо шен кӀант вахийтира, олуш: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“.
38
Шайна кӀант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хӀусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“.
39
Цунна тӀе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна.
40
Шуна муха хета, хӀун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?»
41
Цара Ӏийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хӀаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тӀелоцуьйтур ю, шена догӀуш долу дакъа, хан тӀекхаьчча, схьалун долчаьрга».
42
Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“
43
Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду.
44
Цу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀебоьжча, цо иза хьошур ву».
45
Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла.
46
Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28