bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 1
Romans 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 2 →
1
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тӀекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дӀакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахӀала, яздо хӀара кехат.
2
Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара.
3
И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву.
4
Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КӀант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КӀант — вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса ву.
5
Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгӀат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтӀахь хилийта а.
6
Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь хила тӀекхайкхинчарна юкъахь.
7
Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
8
Уггар а хьалха шуна массарна а тӀера Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хастамаш бо аса, хӀунда аьлча дуьнен тӀехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна.
9
Сайн доӀанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КӀантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гӀуллакх деш волу.
10
Сайн доӀанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар,
11
хӀунда аьлча суна чӀогӀа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чӀагӀдархьама а.
12
И бохург хӀара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахӀиттор ду: сан тешаро шу иракарахӀиттор ду, ткъа шун тешаро — со.
13
Динан вежарий! Шуьга дӀахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хӀара хан тӀекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна.
14
Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а — дешна болчарна а, боцучарна а — декхарийлахь ву со.
15
Цундела ву со шуна а, Рим-гӀалахь дехарш, хаза кхаъ дӀакхайкхо кийча.
16
Суна эхь ца хета хаза кхаъ дӀакхайкхо, хӀунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Ӏийсах мел тешарг кӀелхьарваккха — хьалха жуьгтий, тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а.
17
Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву».
18
Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Ӏесаллина а, харцдолчунна а тӀе стигалшкара Делан оьгӀазло гучуйоккхуш ю.
19
Иза иштта ду, хӀунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела.
20
ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.
21
ХӀунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Ӏаржделлера.
22
Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара.
23
Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цӀушна Ӏамалъярх. И цӀуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара.
24
Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догӀмаш бехдира.
25
Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хӀуманашна Ӏибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Ӏибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!
26
Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера.
27
Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догӀмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгӀазло шайн коьрта тӀе йоуьйтура цара.
28
Дела вовзар царна мехала хӀума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара.
29
Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бӀаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогӀах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо.
30
Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КӀоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугӀу цара.
31
Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац.
32
Ишттаниг лелораш хӀаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Ӏаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16