bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 7
Romans 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 8 →
1
Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хӀара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тӀехь олалла дойла?
2
Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу.
3
Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору.
4
Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама.
5
Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегӀан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Ӏожаллина гӀуллакхаш дойтура.
6
Ткъа хӀинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргӀатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гӀуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.
7
Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла».
8
Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хӀума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду.
9
Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тӀедиллича, къа денделира,
10
ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тӀевалийра.
11
Къино, хӀара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Ӏехавалийтира, тӀаккха оццу весетаца со вен а вийра.
12
Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.
13
ТӀаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Ӏожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Ӏожаллина тӀе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чӀогӀа къилахь хилар гучудоккху.
14
Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох.
15
Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бӀаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо.
16
Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тӀеоьцу аса.
17
Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду.
18
Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга.
19
Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса.
20
Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тӀаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх.
21
Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар.
22
Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо.
23
Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох.
24
Ма миска адам ду со! Хьан кӀелхьарвоккхур ву со Ӏожаллина со тӀевалош долчу хӀокху дегӀах?
25
Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агӀор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Ӏедалан лай ву, ткъа вукху агӀор сайн адаман синца къинан Ӏедалан лай а ву.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16