bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 3
Romans 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 4 →
1
Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу?
2
Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.
3
Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар?
4
Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
5
Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)
6
Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?
7
Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?
8
Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.
9
ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар.
10
Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац.
11
Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац.
12
Массо а адамаш Делах дӀадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.
13
Церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
14
Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.
15
ЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу.
16
Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа.
17
Машаран некъ ца бевза царна.
18
Церан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац».
19
Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш — жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.
20
Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.
21
Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а.
22
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц,
23
хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву.
24
Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш.
25
25-26 Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.
26
***
27
Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во!
28
Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу.
29
Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву.
30
Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха.
31
ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16