bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 13
Romans 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 14 →
1
ХӀора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтӀахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дӀахӀиттийна бу.
2
Цундела Ӏедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тӀе кхел йоуьйту.
3
ХӀунда аьлча дика гӀуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гӀуллакхаш дечарна бу. Ӏедалах ца кхоьруш Ӏен лаьий хьуна? Дика де, тӀаккха Ӏедало хьо хастор ву.
4
Урхалчаш Далла гӀуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХӀунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гӀоьнчий бу, зулам дечарна догӀу таӀзар цаьргахула деш ву Дела.
5
Иштта, таӀзарх кхерарна хилла а ца Ӏаш, вайн дог цӀена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтӀахь хила деза.
6
Цундела урхалчашна йогӀу ял дӀало, уьш и гӀуллакх даим кхочушдан дӀахӀиттийна Делан белхалой болу дела.
7
ХӀоранна а хьакъ дерриг дӀало: ял яла езачунна — ял, ясакх яла езачунна — ясакх, кхера везачух — кхера, лара везарг — лара.
8
Цхьанна а цхьа а хӀума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дӀабала беза безам боцург, хӀунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина.
9
Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хӀума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хӀокху цхьана дашна тӀедогӀу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
10
Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар — товрат-хьехамаш кхочушбар ду.
11
И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тӀекхаьчнийла а хууш, хӀунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хӀинца герга ду Дала вай кӀелхьардахарна.
12
Буьйса дӀаяьлла, де тӀекхаьчна. Цундела боданан гӀуллакхех дӀа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай.
13
Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш.
14
Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16