bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 14
Romans 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 15 →
1
Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца.
2
ХӀунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хӀума яа магадо цунна. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу.
3
Муьлхха а йолу яа хӀума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хӀунда аьлча иза а Дала тӀеэцна ву.
4
Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта.
5
Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХӀора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх.
6
Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хӀунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу.
7
Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Ӏа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Ӏа.
8
Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай.
9
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла.
10
Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дӀахӀитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама.
11
Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, боху Везачу Эло, хӀора а адам, гора а хӀоьттина, Суна хьалха суждане гӀур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хӀора маттахь тоьшалла дийр ду».
12
Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.
13
ХӀинца чул тӀаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а.
14
Веза Эла волчу Ӏийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц.
15
Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХӀаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дӀаделларг.
16
Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца.
17
ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза.
18
Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву.
19
Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тӀехь иракарахӀиттор а леха вай.
20
Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хӀума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хӀума яар вон ду.
21
Жижиг цадаар а, чагӀар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хӀума цадар гӀолехь ду.
22
Цу хӀуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тӀехь ша бехке цавийриг.
23
Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хӀума цо яахь, хӀунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хӀума къилахь ду.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16