bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 5
Romans 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 6 →
1
Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргӀато а йолуш деха вай.
2
Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай.
3
Цунах даккхийдийна а ца Ӏаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла.
4
Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло.
5
Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хӀунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Ӏанийна.
6
Ваьшна гӀо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Ӏесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жӀара тӀехь велла.
7
Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу.
8
Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала.
9
Ӏийсан цӀийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кӀелхьардевр ду вай Делан оьгӀазлонах.
10
Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела.
11
Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.
12
Цхьана адамехула — Адамехула — дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Ӏожалла а еана. Иштта Ӏожалла а хӀора адамна тӀееана, массара а къа латийна дела.
13
Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогӀу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору.
14
Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам.
15
Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хӀаллакьхуьлуш хилча, тӀаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула — Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула — маьхза луш долу совгӀат дуккха а адамна кхочур ду!
16
Дала делла хӀара совгӀат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХӀунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таӀзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина.
17
Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Ӏожалло олалла дар дӀадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгӀат а тӀе мел эцнарш Ӏийсагахула олалла деш хир бу дахарехь.
18
Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тӀедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гӀуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло.
19
Цхьа адам Далла муьтӀахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтӀахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.
20
Товрат-хьехамаш тӀаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира.
21
Къиноша, адамаш Ӏожаллина тӀе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16