bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 6
Romans 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 7 →
1
ТӀаккха, хӀун ала вай? Къинош а летош Ӏей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама?
2
Дера ма Ӏе! Къинах лаьцна аьлча, вай делла ду. Делахь, къинош а летош, кхидӀа вай муха дахалур ду те?
3
Ца хаьа те шуна, Дала леррина Къобалвинчун дола а девлла, шаьш хих чекхдахийтина долчу вай Цуьнан валар а тӀеэцна хилар?
4
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дӀа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Ӏайтархьама.
5
Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду.
6
Вайна хаьа, шира адам Ӏийсаца цхьаьна жӀарах дӀатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хӀаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидӀа ца хилийтархьама а,
7
хӀунда аьлча велларг къинан олаллех паргӀатваьлла.
8
Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а.
9
Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра цкъа денвелла хилча, иза кхин цкъа а лийр вац, хӀунда аьлча Ӏожалло Цунна тӀехь кхин олалла дойла дац.
10
Цуьнан валар гуттаренна а цкъа къинан олаллех дӀакъаьсташ валар дара, ткъа Цуьнан дахар Делан дуьхьа дахар ду.
11
Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар — Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна.
12
Лийр долчу шайн догӀмашна тӀехь кхидӀа къине олалла ма дайта. Къинан Ӏалашо ю сийсаза лаамаш шуьга кхочушбайтар.
13
КхидӀа а шайн догӀмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гӀирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дӀало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догӀмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гӀуллакхаша лело гӀирсаш санна, Цуьнан караяхийта.
14
Къино шуна тӀехь олалла дан ца деза: шу товрат-хьехамийн олаллехь дац, ткъа Делан диканан олаллехь ду.
15
ТӀаккха иштта къинош летор дуй те вай, товрат-хьехамашна долахь а доцуш, Делан доккхачу диканан олаллехь хилча? Дера дац!
16
Шу кхеташ дац те, леш санна цхьанна муьтӀахь хила шу карадахча, шу къар а лой, цуьнан леш хуьлий? Я къинан леш хуьлу шу, ткъа иза бахьана долуш шу хӀаллакдийр ду, я Далла муьтӀахь хиларан леш хуьлу, ткъа иза бахьана долуш шу Далла хьалха бакъдар ду.
17
Далла бу хастам! ХӀетахь къинан леш шу хиллехь а, хӀинца шаьш муьтӀахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу.
18
Къинойх паргӀатдевлла долу шу, хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран леш хилла.
19
Шун адамийн синош гӀийла долу дела, шу кхетар доллучу маттахь боху ас. ХӀетахь шайн дегӀан меженаш сийсаза леларан а, зулам даран а лолле дӀаеллера аша, ткъа цунах кхин а дукха зулам хилира. Ткъа хӀинца Делан лаамехь дерг кхочушдаран лолле дӀало уьш, иштта шу Далла герга кхочур ду.
20
Шу къинан леш долчу хенахь, Делан лаамехь дерг кхочушдарх мукъа дара.
21
Шаьш хӀинца юьхьӀаьржачу хӀиттош, хӀетахь лелийначу гӀуллакхех шуна хӀун пайда баьлла? Цу гӀуллакхийн чаккхе Ӏожалла ма ю!
22
Ткъа хӀинца, къинан олаллех паргӀат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун.
23
Къинош леторна луш йолу ял Ӏожалла ю, ткъа Дала луш долу совгӀат Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна хир долу хедар доцу дахар ду.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16