bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 8
Romans 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 9 →
1
Делахь, хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц,
2
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу дахар тӀедалочу Делан Синан Ӏедало къиношна а, Ӏожаллина а тӀевалочу Ӏедалех хьо паргӀатваьккхина дела.
3
Вайн адаман са эгӀаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тӀе Шен КӀант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагӀа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина.
4
Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама.
5
Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу.
6
Шайн синан лаамех дегнаш дузар — иза Ӏожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар — иза дахар а, синпаргӀато а ю.
7
И хӀунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагӀа хуьлу. Делан хьехамийн Ӏедална муьтӀахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтӀахь ца хилало иза.
8
Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало.
9
Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац.
10
Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегӀ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду, Дала шу бакъдина долу дела.
11
Ӏийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Ӏийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догӀмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула.
12
Иштта, динан вежарий, Делан Синан лаамца даха декхарийлахь ду вай, амма вайн синан лаамца даха ца деза вай.
13
ХӀунда аьлча шайн синан лаамашца дахахь — шу лийр ду, ткъа Делан Синан гӀоьнца шайн дегӀо летош долу къинош аша хӀаллакдахь — шу Дела волчохь дехар ду.
14
ХӀунда аьлча Делан Сино лелош дерш Делан бераш ду.
15
Аша тӀеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тӀеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!»
16
Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна.
17
Вай Делан бераш хилча, берашна кхочу дерг вайна а кхочур ду. Дала иза вайна лур ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчунна кхаьчнарг вайна а кхочур ду, хӀунда аьлча, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай баланаш хьоьгуш хилча, Цуьнца цхьаьна вай сийлаллехь а хир ду.
18
Вайна гойтур йолу сийлаллица дуьстича, вай хӀинца ловш йолу халонаш хӀумма а доцург лору ас.
19
Дала кхоьллина мел долу хӀума сатийсарца ладоьгӀуш ду, Делан бераш муьлханаш ду шайна дӀаделладаларе.
20
Дала мел кхоьллинарг цу хӀуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю,
21
Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргӀатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргӀатонехь хилийтархьама.
22
Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хӀума хӀинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна.
23
Дала мел кхоьллинчо дина а ца Ӏаш, дуьххьарлера ялтин стом санна, Делан Са вайца доллушехь, вай а ду кийрахь узарш деш, Дала вайна Шен берийн бакъонаш яларан замане ла а доьгӀуш. Оцу хенахь Дала вайн догӀмаш паргӀатдохур ду.
24
ХӀунда аьлча вай кӀелхьардаьхна а дара, вайн сатуьйсийла а ю, амма вай сатуьйсуш дерг гуш делахьара, тӀаккха иза сатийсар хир дацара. Хьан сатуьйсур ду шена гуш долчуьнга?
25
Ткъа вай хӀинца ваьшна гуш доцучуьнга сатуьйсу, собар хиларца ла а доьгӀуш.
26
Цу кеппара гӀорасиза долчу вайна Делан Сино а гӀо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доӀанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тӀера Деле доьху дешнашца вайга дӀа ца алалучу узаршца.
27
Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тӀера Делан лаамца Цо доьху дела.
28
Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа — Шен лаамца Ша тӀекхайкхинчеран дуьхьа.
29
Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КӀентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама.
30
Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тӀекхайкхина, ткъа, тӀе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина.
31
ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
32
Шен КӀант ца кхоош, вайн дуьхьа баланаш хьега Иза ДӀавеллачо, шеко яц, Шен КӀантаца цхьаьна кхин а дисина дерг а вайна совгӀатна лург хиларх!
33
Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш.
34
Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Ӏийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агӀор а хиъна, вайна тӀера Деле доьхуш ву Иза.
35
ДӀакъастадалур дуй те вай цхьаьнгге а Дала леррина Къобалвинчун безамах? Дац! Халоно, балано, вай лаьхкина леларо, мацалло, къоьлло, кхерамо я Ӏожалло дохур дуй те вай Цуьнан безамах? Дац!
36
Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хӀора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагӀий санна хета царна».
37
ХӀетте а, и дерриг а гӀуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту.
38
Со теша, я Ӏожалло, я дахаро, я маликаша, я жинаша, я цхьана а долуш долчо, я цхьана а хиндолчо, я цхьана а ницкъаша,
39
я цхьана а вайна тӀехь долчо, я цхьана а вайна бухахь долчо, я Дала кхоьллинчу цхьана а кхечу хӀумано а вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула болчу Делан безамах вай дӀакъасто йиш цахиларх.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16