bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 11
Romans 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 12 →
1
Аса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дӀатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахӀиман хӀух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо.
2
Дала дӀа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хӀун боху Эли-ЯхӀу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо:
3
«Веза Эла! Хьан пайхамарш хӀаллакбина, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара».
4
Ткъа хӀун жоп делира Дала цунна? «Аса цӀу волчу БаӀална горахӀоьттина воцу ворхӀ эзар стаг витина Сайна», — элира Цо.
5
ХӀинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Ӏийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина.
6
Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гӀуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара.
7
Иштта жамӀ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера.
8
Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хӀумма а ца го бӀаьргаш а, хӀумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
9
Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хӀиттийначу тойнашкахь гуро а, речӀано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна.
10
Бода богӀийла церан бӀаьргашна хӀумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а».
11
Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кӀелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагӀ хилийтархьама.
12
Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча!
13
Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса.
14
Цаьрга хьагӀ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кӀелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш?
15
Сан къомах берш дӀатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тӀаккха сан къомах берш тӀеэцар кхин хӀун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?!
16
Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина.
17
Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта.
18
Амма дӀахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар.
19
Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тӀедогӀийтархьама хадийна ма ду».
20
Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дӀахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила.
21
ХӀунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо?
22
Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дӀабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидӀа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дӀахадийна.
23
Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тӀедогӀаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахӀиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хӀунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дӀахӀитто.
24
Акхачу зайт-диттах дӀахедийна долу гаьннаш, Ӏаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тӀе доьгӀна хилча, тӀаккха дикачу зайт-диттах дӀахедийнарш кхин а дика дугӀур ма ду шайн долчу дитта тӀе.
25
Динан вежарий! Суна ца лаьа, хӀара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Ӏайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тӀедерззалц.
26
Цул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кӀелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КӀелхьардохург Цийонера вогӀур ву. Якъубан тӀаьхьенан ерриг а Ӏесалла дӀайоккхур ю Цо.
27
Аса иштта барт бийр бу цаьрца, церан къиношна Айса гечдича».
28
Хаза кхаъ тӀе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагӀий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХӀетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваӀда бахьана долуш.
29
Дала Шена тӀебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгӀатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу.
30
Уьш Далла муьтӀахь ца хиларна, мацах Далла муьтӀахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина.
31
Иштта хӀинца уьш Далла муьтӀахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хӀинца къинхетам бархьама.
32
ХӀунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтӀахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама.
33
ЭхӀ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тӀаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
34
Делан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду, я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш?
35
Хьан елла Цунна цхьа хӀума, цунна Иза декхарийлахь а волуш?»
36
ХӀунда аьлча массо а хӀума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин!
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16